Сурат 78 Ан-набаъ (Хабар), аят 21 – 30
-
إِنَّ جَهَنَّمَ كَانَتْ مِرْصَادًا
Баккъалла а, жоьжахати хилира кӀелонна йоьгӀна (керстанаш чубаре хьоьжуш)‚
78:21 -
لِلطَّاغِينَ مَآبًا
/Делан дозанех/ тӀехбевлачарна чугӀойла хилла
78:22 -
لَابِثِينَ فِيهَا أَحْقَابًا
Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь
78:23 -
لَا يَذُوقُونَ فِيهَا بَرْدًا وَلَا شَرَابًا
Ӏовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а
78:24 -
إِلَّا حَمِيمًا وَغَسَّاقًا
Лалийна хи а‚ наткъарш бен
78:25 -
جَزَاءً وِفَاقًا
/Царна/ нийсса богӀуш бекхам бу /иза/
78:26 -
إِنَّهُمْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ حِسَابًا
Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе
78:27 -
وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كِذَّابًا
Цара харцдора Тхан аяташ тх харцдарца
78:28 -
وَكُلَّ شَيْءٍ أَحْصَيْنَاهُ كِتَابًا
Массо а хӀума дӀатергалдина Оха жайнаца!
78:29 -
فَذُوقُوا فَلَنْ نَزِيدَكُمْ إِلَّا عَذَابًا
Ӏовша шайна! Совдоккхур дац Оха шуна Ӏазап бен
78:30
Гочдар: Магомед Магомедов