Сурат 78 Ан-набаъ (Хабар), аят 30 – 40

  1. فَذُوقُوا فَلَنْ نَزِيدَكُمْ إِلَّا عَذَابًا

    Ӏовша шайна! Совдоккхур дац Оха шуна Ӏазап бен

    78:30
  2. إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ مَفَازًا

    Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/

    78:31
  3. حَدَائِقَ وَأَعْنَابًا

    Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/

    78:32
  4. وَكَوَاعِبَ أَتْرَابًا

    /Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/

    78:33
  5. وَكَأْسًا دِهَاقًا

    Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/

    78:34
  6. لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا وَلَا كِذَّابًا

    Царна хозур дац цу чохь даьсса хабар а‚ харцдерг а

    78:35
  7. جَزَاءً مِنْ رَبِّكَ عَطَاءً حِسَابًا

    Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобучуьнгара‚ совгӀат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла,

    78:36
  8. رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الرَّحْمَٰنِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِنْهُ خِطَابًا

    Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобучуьнгара, Ша сов къинхетаме волчуьнгара. Цуьнгара хабар дийцаран доладийр дац цара

    78:37
  9. يَوْمَ يَقُومُ الرُّوحُ وَالْمَلَائِكَةُ صَفًّا ۖ لَا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَٰنُ وَقَالَ صَوَابًا

    Оцу дийнахь дхӀуттур ду Са а‚ маликаш а могӀица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен цо а эр ду бакъдерг

    78:38
  10. ذَٰلِكَ الْيَوْمُ الْحَقُّ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ مَآبًا

    Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Шена лиъначо схьалаьцна шен Кхиош-кхобучуьнга дӀаверзаран некъ

    78:39
  11. إِنَّا أَنْذَرْنَاكُمْ عَذَابًا قَرِيبًا يَوْمَ يَنْظُرُ الْمَرْءُ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ وَيَقُولُ الْكَافِرُ يَا لَيْتَنِي كُنْتُ تُرَابًا

    Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна гергахь долчу Ӏазапца оцу дийнахь адам хьожур ду шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано: 'Декъаза ваьлла со‚ сох хиллехьара поппар /-ан чан/!'

    78:40

Гочдар: Магомед Магомедов