Сурат 78 Ан-набаъ (Хабар), аят 37 – 40
-
رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الرَّحْمَٰنِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِنْهُ خِطَابًا
Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобучуьнгара, Ша сов къинхетаме волчуьнгара. Цуьнгара хабар дийцаран доладийр дац цара
78:37 -
يَوْمَ يَقُومُ الرُّوحُ وَالْمَلَائِكَةُ صَفًّا ۖ لَا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَٰنُ وَقَالَ صَوَابًا
Оцу дийнахь дхӀуттур ду Са а‚ маликаш а могӀица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен цо а эр ду бакъдерг
78:38 -
ذَٰلِكَ الْيَوْمُ الْحَقُّ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ مَآبًا
Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Шена лиъначо схьалаьцна шен Кхиош-кхобучуьнга дӀаверзаран некъ
78:39 -
إِنَّا أَنْذَرْنَاكُمْ عَذَابًا قَرِيبًا يَوْمَ يَنْظُرُ الْمَرْءُ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ وَيَقُولُ الْكَافِرُ يَا لَيْتَنِي كُنْتُ تُرَابًا
Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна гергахь долчу Ӏазапца оцу дийнахь адам хьожур ду шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано: 'Декъаза ваьлла со‚ сох хиллехьара поппар /-ан чан/!'
78:40
Гочдар: Магомед Магомедов