Сурат 78 Ан-набаъ (Хабар)
-
إِنَّ جَهَنَّمَ كَانَتْ مِرْصَادًا
Баккъалла а, жоьжахати хилира кIелонна йоьгIна (керстанаш чубаре хьоьжуш)‚
78:21 -
لِلطَّاغِينَ مَآبًا
/Делан дозанех/ тIехбевлачарна чугIойла хилла
78:22 -
لَابِثِينَ فِيهَا أَحْقَابًا
Лаьттар бу уьш цу чохь дуккха хенашкахь
78:23 -
لَا يَذُوقُونَ فِيهَا بَرْدًا وَلَا شَرَابًا
Iовшур дац цара цу чохь шело а‚ малар а
78:24 -
إِلَّا حَمِيمًا وَغَسَّاقًا
Лалийна хи а‚ наткъарш бен
78:25 -
جَزَاءً وِفَاقًا
/Царна/ нийсса богIуш бекхам бу /иза/
78:26 -
إِنَّهُمْ كَانُوا لَا يَرْجُونَ حِسَابًا
Баккъалла а, уьш хилира дог ца дохуш /шаьш динчун/ хьесапе
78:27 -
وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كِذَّابًا
Цара харцдора Тхан аяташ тх харцдарца
78:28 -
وَكُلَّ شَيْءٍ أَحْصَيْنَاهُ كِتَابًا
Массо а хIума дIатергалдина Оха жайнаца!
78:29 -
فَذُوقُوا فَلَنْ نَزِيدَكُمْ إِلَّا عَذَابًا
Iовша шайна! Совдоккхур дац Оха шуна Iазап бен
78:30 -
إِنَّ لِلْمُتَّقِينَ مَفَازًا
Баккъалла а, /Делах/ кхоьручарна тола меттиг ма ю /ялсамани чохь/
78:31 -
حَدَائِقَ وَأَعْنَابًا
Бошмаш а‚ кемсаш а /ю царна/
78:32 -
وَكَوَاعِبَ أَتْرَابًا
/Царна/ некхий гоьрга долу‚ шерашца цхьанийса болу мехкарий /хир бу/
78:33 -
وَكَأْسًا دِهَاقًا
Буьззина /маларан/ кад а /хир бу/
78:34 -
لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا وَلَا كِذَّابًا
Царна хозур дац цу чохь даьсса хабар а‚ харцдерг а
78:35 -
جَزَاءً مِنْ رَبِّكَ عَطَاءً حِسَابًا
Бекхам бу /иза/ хьо Кхиош-кхобучуьнгара‚ совгIат а‚ хьесап а /Цуьнгара/ хилла,
78:36 -
رَبِّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا الرَّحْمَٰنِ ۖ لَا يَمْلِكُونَ مِنْهُ خِطَابًا
Стигланийн а‚ лаьттан а царна юккъехь мел долчун а Кхиош-кхобучуьнгара, Ша сов къинхетаме волчуьнгара. Цуьнгара хабар дийцаран доладийр дац цара
78:37 -
يَوْمَ يَقُومُ الرُّوحُ وَالْمَلَائِكَةُ صَفًّا ۖ لَا يَتَكَلَّمُونَ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَٰنُ وَقَالَ صَوَابًا
Оцу дийнахь дхIуттур ду Са а‚ маликаш а могIица. Вист хир вац шена Сов Къинхетаме волчо пурба делларг бен цо а эр ду бакъдерг
78:38 -
ذَٰلِكَ الْيَوْمُ الْحَقُّ ۖ فَمَنْ شَاءَ اتَّخَذَ إِلَىٰ رَبِّهِ مَآبًا
Иза хьакъ-бакъ долу де ду. Шена лиъначо схьалаьцна шен Кхиош-кхобучуьнга дIаверзаран некъ
78:39 -
إِنَّا أَنْذَرْنَاكُمْ عَذَابًا قَرِيبًا يَوْمَ يَنْظُرُ الْمَرْءُ مَا قَدَّمَتْ يَدَاهُ وَيَقُولُ الْكَافِرُ يَا لَيْتَنِي كُنْتُ تُرَابًا
Баккъалла а, Оха кхерам тесна шуна гергахь долчу Iазапца оцу дийнахь адам хьожур ду шен шина куьйго хьалхадаьккхинчуьнга‚ эр ду керстано: 'Декъаза ваьлла со‚ сох хиллехьара поппар /-ан чан/!'
78:40
Гочдар: Магомед Магомедов