Сурат 79 Ан-назиIат (Схьадохурш)

  1. فَكَذَّبَ وَعَصَىٰ

    Харцдира /иза ФирIавнас/‚ Iеса велира иза

    79:21
  2. ثُمَّ أَدْبَرَ يَسْعَىٰ

    ТIаккха юхавелира, сихвелла

    79:22
  3. فَحَشَرَ فَنَادَىٰ

    Цо гулбира /бозбуунчаш а‚ шен бIо а/‚ кхайкхира‚

    79:23
  4. فَقَالَ أَنَا رَبُّكُمُ الْأَعْلَىٰ

    Тккха цо элира: 'Со ву вуно лекха волу шу кхиош-кхобуш волу /шун дела/!'

    79:24
  5. فَأَخَذَهُ اللَّهُ نَكَالَ الْآخِرَةِ وَالْأُولَىٰ

    Дала схьалецира иза тIаьххьара /дош бахьанехь/ таIзарций‚ хьалха аьлла /дош бахьанехь/ таIзарций

    79:25
  6. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَعِبْرَةً لِمَنْ يَخْشَىٰ

    Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу /Делах/ кхоьруш волчунна

    79:26
  7. أَأَنْتُمْ أَشَدُّ خَلْقًا أَمِ السَّمَاءُ ۚ بَنَاهَا

    Шу дара хала /Цунна/ кхолла я стигал яра? Цо хттийна иза!

    79:27
  8. رَفَعَ سَمْكَهَا فَسَوَّاهَا

    Цо айбира цуьнан тхов‚ тIаккха нисйира /цхьа а гуш ьрг доцуш/

    79:28
  9. وَأَغْطَشَ لَيْلَهَا وَأَخْرَجَ ضُحَاهَا

    Бодане йира цуьнан буьйса‚ схьадаьккхира сатасар

    79:29
  10. وَالْأَرْضَ بَعْدَ ذَٰلِكَ دَحَاهَا

    Латта цул тIаьхьа даржийра Цо

    79:30
  11. أَخْرَجَ مِنْهَا مَاءَهَا وَمَرْعَاهَا

    Схьадаьккхира цунах хи а‚ дожийлаш а

    79:31
  12. وَالْجِبَالَ أَرْسَاهَا

    Лаьмнаш дуьйгра Цо /латта тIехь/

    79:32
  13. مَتَاعًا لَكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ

    Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а

    79:33
  14. فَإِذَا جَاءَتِ الطَّامَّةُ الْكُبْرَىٰ

    Боккха бāла беъча,

    79:34
  15. يَوْمَ يَتَذَكَّرُ الْإِنْسَانُ مَا سَعَىٰ

    Оцу дийнахь адамна дагадогIур ду ша къахьегнарг

    79:35
  16. وَبُرِّزَتِ الْجَحِيمُ لِمَنْ يَرَىٰ

    Гучуйоккхур ю жоьжахати гучунна

    79:36
  17. فَأَمَّا مَنْ طَغَىٰ

    Амма тIехваьлларг /Делан дозанех/‚

    79:37
  18. وَآثَرَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا

    /Эхартал/дуьненан дахар хаьржинарг

    79:38
  19. فَإِنَّ الْجَحِيمَ هِيَ الْمَأْوَىٰ

    Жоьжахати хир ю цуьнан чугIойла

    79:39
  20. وَأَمَّا مَنْ خَافَ مَقَامَ رَبِّهِ وَنَهَى النَّفْسَ عَنِ الْهَوَىٰ

    Амма ша Кхиош-кхобучунна хьалха хIотта кхоьруш хилларг‚ шен дезачух (дуьненан марзонах) шен са а духатоьхнарг

    79:40

Гочдар: Магомед Магомедов