Сурат 7 Аль-аӀраф (АӀраф), аят 182 – 188

  1. وَالَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا سَنَسْتَدْرِجُهُمْ مِنْ حَيْثُ لَا يَعْلَمُونَ

    Тхан аяташ харцдинарш – тӀаьхьа жим-жимма таӀош, охьатаӀор бу Оха уьш, шайна а ца хууш

    7:182
  2. وَأُمْلِي لَهُمْ ۚ إِنَّ كَيْدِي مَتِينٌ

    ТӀаьхьатотту Ас уьш – Сан /керстанийн мекарлонна дуьхьал/ мекарло чӀогӀа ю

    7:183
  3. أَوَلَمْ يَتَفَكَّرُوا ۗ مَا بِصَاحِبِهِمْ مِنْ جِنَّةٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Ойла ца йо-техьа цара? Жинех ма вац церан накъост (Мухьаммад пайхамар; цатешачара олуш хилла жинех ву иза). Иза билггала кхерамча ма ву

    7:184
  4. أَوَلَمْ يَنْظُرُوا فِي مَلَكُوتِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا خَلَقَ اللَّهُ مِنْ شَيْءٍ وَأَنْ عَسَىٰ أَنْ يَكُونَ قَدِ اقْتَرَبَ أَجَلُهُمْ ۖ فَبِأَيِّ حَدِيثٍ بَعْدَهُ يُؤْمِنُونَ

    Уьш ца хьовсу стигланийн а‚ лаьттан а паччахьлле‚ Дала кхоьллинчу хӀуманашка‚ шайн ажал (Ӏожалла) гергакхаьчна хила магаре? Цул (Къуръанал) тӀаьхьа муьлхачу /боссийначу/ хьехамах уьш тешар бу?

    7:185
  5. مَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَلَا هَادِيَ لَهُ ۚ وَيَذَرُهُمْ فِي طُغْيَانِهِمْ يَعْمَهُونَ

    Дала тилавала вуьтуш волчунна – и нисван цхьа а вац. Цо буьту уьш шайн тилар чохь дӀай-схьай уьйдуш

    7:186
  6. يَسْأَلُونَكَ عَنِ السَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَاهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ رَبِّي ۖ لَا يُجَلِّيهَا لِوَقْتِهَا إِلَّا هُوَ ۚ ثَقُلَتْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا تَأْتِيكُمْ إِلَّا بَغْتَةً ۗ يَسْأَلُونَكَ كَأَنَّكَ حَفِيٌّ عَنْهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ اللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ

    Хьоьга хоьтту цара /хӀай Мухьаммад/ сахьтах (къематдийнах) лаьцна – цуьнан хӀоттар маца хир ду, бохуш. Ахь āла: 'Цуьнан Ӏилма сан Кхиош-кхобучуьнгахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦӀеххьана бен догӀур дац иза шуна'. Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш санна. Ахь āла: 'Цуьнан Ӏилма Делехь ду'. Делахь а‚ нахах дукхахболчарна /и/ ца хаьа-кх

    7:187
  7. قُلْ لَا أَمْلِكُ لِنَفْسِي نَفْعًا وَلَا ضَرًّا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۚ وَلَوْ كُنْتُ أَعْلَمُ الْغَيْبَ لَاسْتَكْثَرْتُ مِنَ الْخَيْرِ وَمَا مَسَّنِيَ السُّوءُ ۚ إِنْ أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Ахь āла: 'Ас дола ца до сан дегӀан - пайдехьа а‚ я зенехьа а, Далла лиънарг бен. Со хиллехьара хууш къайлаха дерг‚ ас совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а‚ хаамча а ву тешаш долчу къомана'

    7:188

Гочдар: Магомед Магомедов