Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф), аят 187
-
يَسْأَلُونَكَ عَنِ السَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَاهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ رَبِّي ۖ لَا يُجَلِّيهَا لِوَقْتِهَا إِلَّا هُوَ ۚ ثَقُلَتْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا تَأْتِيكُمْ إِلَّا بَغْتَةً ۗ يَسْأَلُونَكَ كَأَنَّكَ حَفِيٌّ عَنْهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ اللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад/ сахьтах (къематдийнах) лаьцна – цуьнан хIоттар маца хир ду, бохуш. Ахь āла: 'Цуьнан Iилма сан Кхиош-кхобучуьнгахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦIеххьана бен догIур дац иза шуна'. Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш санна. Ахь āла: 'Цуьнан Iилма Делехь ду'. Делахь а‚ нахах дукхахболчарна /и/ ца хаьа-кх
7:187
Гочдар: Магомед Магомедов