Сурат 7 Аль-аIраф (АIраф), аят 187 – 188
-
يَسْأَلُونَكَ عَنِ السَّاعَةِ أَيَّانَ مُرْسَاهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ رَبِّي ۖ لَا يُجَلِّيهَا لِوَقْتِهَا إِلَّا هُوَ ۚ ثَقُلَتْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ لَا تَأْتِيكُمْ إِلَّا بَغْتَةً ۗ يَسْأَلُونَكَ كَأَنَّكَ حَفِيٌّ عَنْهَا ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ اللَّهِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Хьоьга хоьтту цара /хIай Мухьаммад/ сахьтах (къематдийнах) лаьцна – цуьнан хIоттар маца хир ду, бохуш. Ахь āла: 'Цуьнан Iилма сан Кхиош-кхобучуьнгахь ду. Шен хеннахь и билгалдоккхур ду веккъа Цо‚ дазделла и стигланашкахь а‚ лаьттахь а. ЦIеххьана бен догIур дац иза шуна'. Хьоьга хоьтту цара – хьо иза дика хууш верг волуш санна. Ахь āла: 'Цуьнан Iилма Делехь ду'. Делахь а‚ нахах дукхахболчарна /и/ ца хаьа-кх
7:187 -
قُلْ لَا أَمْلِكُ لِنَفْسِي نَفْعًا وَلَا ضَرًّا إِلَّا مَا شَاءَ اللَّهُ ۚ وَلَوْ كُنْتُ أَعْلَمُ الْغَيْبَ لَاسْتَكْثَرْتُ مِنَ الْخَيْرِ وَمَا مَسَّنِيَ السُّوءُ ۚ إِنْ أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ وَبَشِيرٌ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Ахь āла: 'Ас дола ца до сан дегIан - пайдехьа а‚ я зенехьа а, Далла лиънарг бен. Со хиллехьара хууш къайлаха дерг‚ ас совдаьхна хир дара диканаш‚ халоно схьалаьцна хир ма вацара со. Со веккъа кхерамча а‚ хаамча а ву тешаш долчу къомана'
7:188
Гочдар: Магомед Магомедов