Сурат 80 Ӏабаса (Юьхь хабийна), аят 17 – 32

  1. قُتِلَ الْإِنْسَانُ مَا أَكْفَرَهُ

    ХӀаллакхили адам! Стено керстаналла дайтина цуьнга?

    80:17
  2. مِنْ أَيِّ شَيْءٍ خَلَقَهُ

    Муьлхачу хӀуманах Цо (Дала) ша кхоьллина /хаий цунна/?

    80:18
  3. مِنْ نُطْفَةٍ خَلَقَهُ فَقَدَّرَهُ

    ТӀадамах кхоьллина Цо иза‚ тӀаккха Цо цунна /массо а хӀуманца/ барам бина

    80:19
  4. ثُمَّ السَّبِيلَ يَسَّرَهُ

    ТӀаккха Цо цунна некъ атта бина

    80:20
  5. ثُمَّ أَمَاتَهُ فَأَقْبَرَهُ

    ТӀаккха Цо иза валийтина‚ каш чувиллийтина

    80:21
  6. ثُمَّ إِذَا شَاءَ أَنْشَرَهُ

    ТӀаккха, Шена ма лиънехь, Цо иза денвийр ву /къематдийнахь/

    80:22
  7. كَلَّا لَمَّا يَقْضِ مَا أَمَرَهُ

    ХӀан-хӀа! Цо (адамо) ма кхочуш ца до шега /Дала/ омра динарг

    80:23
  8. فَلْيَنْظُرِ الْإِنْسَانُ إِلَىٰ طَعَامِهِ

    И адам хьожийла ша дуучуьнга!

    80:24
  9. أَنَّا صَبَبْنَا الْمَاءَ صَبًّا

    Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догӀа) шортта доттарца!

    80:25
  10. ثُمَّ شَقَقْنَا الْأَرْضَ شَقًّا

    ТӀаккха Оха ма дадийна и латта дадорца

    80:26
  11. فَأَنْبَتْنَا فِيهَا حَبًّا

    Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚

    80:27
  12. وَعِنَبًا وَقَضْبًا

    Кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚

    80:28
  13. وَزَيْتُونًا وَنَخْلًا

    Зайтун а‚ хурма а‚

    80:29
  14. وَحَدَائِقَ غُلْبًا

    Дуккха дитташ долу бошмаш а‚

    80:30
  15. وَفَاكِهَةً وَأَبًّا

    Стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а

    80:31
  16. مَتَاعًا لَكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ

    Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш

    80:32

Гочдар: Магомед Магомедов