Сурат 80 Iабаса (Юьхь хабийна)

  1. عَبَسَ وَتَوَلَّىٰ

    Юьхь хабийна дIавирзи

    80:1
  2. أَنْ جَاءَهُ الْأَعْمَىٰ

    Шена тIе бIаьргашбоцург вогIу‚ аьлла

    80:2
  3. وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّهُ يَزَّكَّىٰ

    Стено хоуьйту хьоьга‚ иза-м цIанвала а мегий?

    80:3
  4. أَوْ يَذَّكَّرُ فَتَنْفَعَهُ الذِّكْرَىٰ

    Я хьехам тлоцур бу цу хьехамо цунна пайда бийр бу

    80:4
  5. أَمَّا مَنِ اسْتَغْنَىٰ

    Амма хьал долуш верг

    80:5
  6. فَأَنْتَ لَهُ تَصَدَّىٰ

    Хьо цунна тIе чIогIа воьрзу

    80:6
  7. وَمَا عَلَيْكَ أَلَّا يَزَّكَّىٰ

    Хьуна тIехь ма дац /къа/, иза цIан ца велчи а

    80:7
  8. وَأَمَّا مَنْ جَاءَكَ يَسْعَىٰ

    Амма хьуна тIе веъча, сихвелла

    80:8
  9. وَهُوَ يَخْشَىٰ

    И ша /Делах/ кхоьруш верг

    80:9
  10. فَأَنْتَ عَنْهُ تَلَهَّىٰ

    Ахь иза тергал а ца во

    80:10
  11. كَلَّا إِنَّهَا تَذْكِرَةٌ

    ХIан-хIа! /Ма леладе иза/ баккъалла а, иза (Къуръан) хьехам бу!

    80:11
  12. فَمَنْ شَاءَ ذَكَرَهُ

    Шена луучо и тлоцу

    80:12
  13. فِي صُحُفٍ مُكَرَّمَةٍ

    Сийлахь долчу жайнашкахь бу иза (Лавхь махьфуза чохь)

    80:13
  14. مَرْفُوعَةٍ مُطَهَّرَةٍ

    Шаьш айдина хилла долчу /Далла гергахь/‚ цIандина хилла долчу /жайнашкахь/‚

    80:14
  15. بِأَيْدِي سَفَرَةٍ

    /Делан а, Цуьнан элчанийн а юккъехь/ элчанаш хилла долчу маликийн куьйгашца /яздина долчу/‚

    80:15
  16. كِرَامٍ بَرَرَةٍ

    /Далла гергахь/ сийлахь долчу, /Делах кхоьруш/ дика малш еш долчу /маликийн куьйгашца/

    80:16
  17. قُتِلَ الْإِنْسَانُ مَا أَكْفَرَهُ

    ХIаллакхили адам! Стено керстаналла дайтина цуьнга?

    80:17
  18. مِنْ أَيِّ شَيْءٍ خَلَقَهُ

    Муьлхачу хIуманах Цо (Дала) ша кхоьллина /хаий цунна/?

    80:18
  19. مِنْ نُطْفَةٍ خَلَقَهُ فَقَدَّرَهُ

    ТIадамах кхоьллина Цо иза‚ тIаккха Цо цунна /массо а хIуманца/ барам бина

    80:19
  20. ثُمَّ السَّبِيلَ يَسَّرَهُ

    ТIаккха Цо цунна некъ атта бина

    80:20

Гочдар: Магомед Магомедов