Сурат 80 Ӏабаса (Юьхь хабийна), аят 24 – 32

  1. فَلْيَنْظُرِ الْإِنْسَانُ إِلَىٰ طَعَامِهِ

    И адам хьожийла ша дуучуьнга!

    80:24
  2. أَنَّا صَبَبْنَا الْمَاءَ صَبًّا

    Оха ма доьттина /и стиглара/ хи (догӀа) шортта доттарца!

    80:25
  3. ثُمَّ شَقَقْنَا الْأَرْضَ شَقًّا

    ТӀаккха Оха ма дадийна и латта дадорца

    80:26
  4. فَأَنْبَتْنَا فِيهَا حَبًّا

    Оха ма балийтина цу чохь буьртиг‚

    80:27
  5. وَعِنَبًا وَقَضْبًا

    Кемсаш а‚ яраш (керла хастоьмаш) а‚

    80:28
  6. وَزَيْتُونًا وَنَخْلًا

    Зайтун а‚ хурма а‚

    80:29
  7. وَحَدَائِقَ غُلْبًا

    Дуккха дитташ долу бошмаш а‚

    80:30
  8. وَفَاكِهَةً وَأَبًّا

    Стоьмаш а‚ /бежнашна яа/ бецаш а

    80:31
  9. مَتَاعًا لَكُمْ وَلِأَنْعَامِكُمْ

    Шуна а пайда болуш‚ шун бежнашна а пайда болуш

    80:32

Гочдар: Магомед Магомедов