Сурат 80 Ӏабаса (Юьхь хабийна), аят 33 – 42

  1. فَإِذَا جَاءَتِ الصَّاخَّةُ

    Нуьцкъала мохь беъча!

    80:33
  2. يَوْمَ يَفِرُّ الْمَرْءُ مِنْ أَخِيهِ

    Оцу дийнахь стаг водур ву шен веших‚

    80:34
  3. وَأُمِّهِ وَأَبِيهِ

    Шен ненах а‚ шен дех а‚

    80:35
  4. وَصَاحِبَتِهِ وَبَنِيهِ

    Шен зудчух а‚ шен кӀентийх а

    80:36
  5. لِكُلِّ امْرِئٍ مِنْهُمْ يَوْمَئِذٍ شَأْنٌ يُغْنِيهِ

    Оцарах хӀор стагана оцу дийнахь гӀуллакх хир ду ша хьалхаваккхар

    80:37
  6. وُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ مُسْفِرَةٌ

    Цхьа яххьаш оцу дийнахь хир ю къегийна‚

    80:38
  7. ضَاحِكَةٌ مُسْتَبْشِرَةٌ

    Йоьлуш‚ яккхийедаш

    80:39
  8. وَوُجُوهٌ يَوْمَئِذٍ عَلَيْهَا غَبَرَةٌ

    Цхьа /кхин/ яххьаш оцу дийнахь хир ю шайна тӀе чан йиллина‚

    80:40
  9. تَرْهَقُهَا قَتَرَةٌ

    Уьш дӀахьулйийр ю бодано

    80:41
  10. أُولَٰئِكَ هُمُ الْكَفَرَةُ الْفَجَرَةُ

    Уьш бу цатешнарш‚ къинош динарш

    80:42

Гочдар: Магомед Магомедов