Сурат 81 Ат-таквир (ДIахьарчор), аят 1 – 14

  1. إِذَا الشَّمْسُ كُوِّرَتْ

    Малх дIахьарчича‚

    81:1
  2. وَإِذَا النُّجُومُ انْكَدَرَتْ

    Седарчий охьадегча‚

    81:2
  3. وَإِذَا الْجِبَالُ سُيِّرَتْ

    Лаьмнаш /шайн меттигашкара/ дIадоладалийтича,

    81:3
  4. وَإِذَا الْعِشَارُ عُطِّلَتْ

    Пхора эмкалш Iу воцуш йитича,

    81:4
  5. وَإِذَا الْوُحُوشُ حُشِرَتْ

    Акхарой гулйича‚

    81:5
  6. وَإِذَا الْبِحَارُ سُجِّرَتْ

    ХIордаш дагийна‚ царах цIе хилча‚

    81:6
  7. وَإِذَا النُّفُوسُ زُوِّجَتْ

    Синош /шайн дуьненахь хиллачу догIмий чу/ дIадерзича‚

    81:7
  8. وَإِذَا الْمَوْءُودَةُ سُئِلَتْ

    Дийна йолуш /кешна чу/ дIайоьллина хиллачу йоьге хаьттича,

    81:8
  9. بِأَيِّ ذَنْبٍ قُتِلَتْ

    Хн къа бахьанехь иза йина хилла аьлла,

    81:9
  10. وَإِذَا الصُّحُفُ نُشِرَتْ

    /Нехан Iамалш тIеяздина/ тептарш дIаделлича‚

    81:10
  11. وَإِذَا السَّمَاءُ كُشِطَتْ

    Стигал /уьстагIан цIока доккхуш санна/ схьаяккхича‚

    81:11
  12. وَإِذَا الْجَحِيمُ سُعِّرَتْ

    Жоьжахати дIалатича‚

    81:12
  13. وَإِذَا الْجَنَّةُ أُزْلِفَتْ

    Ялсамани /Делах кхоьруш хиллачарна/ гергаялийча

    81:13
  14. عَلِمَتْ نَفْسٌ مَا أَحْضَرَتْ

    /И массо а хIума хилча, тIаккха/ синна хуур ду, ша хIун деана

    81:14

Гочдар: Магомед Магомедов