Сурат 82 Аль-инфитӀар (Ядар), аят 1 – 19

  1. إِذَا السَّمَاءُ انْفَطَرَتْ

    Стигал яьтӀича‚

    82:1
  2. وَإِذَا الْكَوَاكِبُ انْتَثَرَتْ

    Седарчий охьдегча‚

    82:2
  3. وَإِذَا الْبِحَارُ فُجِّرَتْ

    ХӀордаш /шайн йисташ дӀаяьлла вовшахийна/ цхьа хӀорд хилча‚

    82:3
  4. وَإِذَا الْقُبُورُ بُعْثِرَتْ

    Кешнаш тӀекӀелдевлича /белларш хьалгӀовтийта/‚

    82:4
  5. عَلِمَتْ نَفْسٌ مَا قَدَّمَتْ وَأَخَّرَتْ

    /ТӀаккха/ хии синна, ша хӀун хьалхадаьккхи‚ хӀун тӀаьхьатаьтти

    82:5
  6. يَا أَيُّهَا الْإِنْسَانُ مَا غَرَّكَ بِرَبِّكَ الْكَرِيمِ

    ХӀай адам! Стено марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-кхобучунна Ӏесалла ян?

    82:6
  7. الَّذِي خَلَقَكَ فَسَوَّاكَ فَعَدَلَكَ

    Иштта ву Иза Ша хьо кхоьллина‚ тӀаккха хьо днисвина (хьан массо а меже таза йолуш, хьо хозуш, ойла еш, гуш волуш), тккха /хазчу куцахь/ дтарвина

    82:7
  8. فِي أَيِّ صُورَةٍ مَا شَاءَ رَكَّبَكَ

    Шена луучу суьртехь Цо кхоьлли хьо

    82:8
  9. كَلَّا بَلْ تُكَذِّبُونَ بِالدِّينِ

    ХӀан-хӀа! Шу харцдеш ма ду бекхам хирг хилар /къематдийнахь/

    82:9
  10. وَإِنَّ عَلَيْكُمْ لَحَافِظِينَ

    Баккъалла а, шуна тӀе хӀоттийна лардархой ма бу‚

    82:10
  11. كِرَامًا كَاتِبِينَ

    Сийлахь хилла‚ яздеш долу

    82:11
  12. يَعْلَمُونَ مَا تَفْعَلُونَ

    Царна хаьа аш дийриг

    82:12
  13. إِنَّ الْأَبْرَارَ لَفِي نَعِيمٍ

    Баккъалла а, дика берш /шена чохь массо а хӀума долу/ наӀим цӀе йолчу ялсаманехь хир бу

    82:13
  14. وَإِنَّ الْفُجَّارَ لَفِي جَحِيمٍ

    Баккъалла а, къинош деш берш жоьжахатехь хир бу

    82:14
  15. يَصْلَوْنَهَا يَوْمَ الدِّينِ

    Цу чу гӀур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Ӏовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь

    82:15
  16. وَمَا هُمْ عَنْهَا بِغَائِبِينَ

    Цунах къайлабер ма бац уьш

    82:16
  17. وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ

    Хьуна стено хаийтина‚ иза хӀун бекхаман де ду?

    82:17
  18. ثُمَّ مَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ

    ТӀаккха а хьуна стено хаийтина‚ иза хӀун бекхаман де ду?

    82:18
  19. يَوْمَ لَا تَمْلِكُ نَفْسٌ لِنَفْسٍ شَيْئًا ۖ وَالْأَمْرُ يَوْمَئِذٍ لِلَّهِ

    Оцу дийнахь сино синан цхьанна хӀуманна тӀехь доладийр дац. ГӀуллакх оцу дийнахь хир ду Делан

    82:19

Гочдар: Магомед Магомедов