Сурат 82 Аль-инфитIар (Ядар)
-
إِذَا السَّمَاءُ انْفَطَرَتْ
Стигал яьтIича‚
82:1 -
وَإِذَا الْكَوَاكِبُ انْتَثَرَتْ
Седарчий охьдегча‚
82:2 -
وَإِذَا الْبِحَارُ فُجِّرَتْ
ХIордаш /шайн йисташ дIаяьлла вовшахийна/ цхьа хIорд хилча‚
82:3 -
وَإِذَا الْقُبُورُ بُعْثِرَتْ
Кешнаш тIекIелдевлича /белларш хьалгIовтийта/‚
82:4 -
عَلِمَتْ نَفْسٌ مَا قَدَّمَتْ وَأَخَّرَتْ
/ТIаккха/ хии синна, ша хIун хьалхадаьккхи‚ хIун тIаьхьатаьтти
82:5 -
يَا أَيُّهَا الْإِنْسَانُ مَا غَرَّكَ بِرَبِّكَ الْكَرِيمِ
ХIай адам! Стено марздина хьуна хьан сийлахь Кхиош-кхобучунна Iесалла ян?
82:6 -
الَّذِي خَلَقَكَ فَسَوَّاكَ فَعَدَلَكَ
Иштта ву Иза Ша хьо кхоьллина‚ тIаккха хьо днисвина (хьан массо а меже таза йолуш, хьо хозуш, ойла еш, гуш волуш), тккха /хазчу куцахь/ дтарвина
82:7 -
فِي أَيِّ صُورَةٍ مَا شَاءَ رَكَّبَكَ
Шена луучу суьртехь Цо кхоьлли хьо
82:8 -
كَلَّا بَلْ تُكَذِّبُونَ بِالدِّينِ
ХIан-хIа! Шу харцдеш ма ду бекхам хирг хилар /къематдийнахь/
82:9 -
وَإِنَّ عَلَيْكُمْ لَحَافِظِينَ
Баккъалла а, шуна тIе хIоттийна лардархой ма бу‚
82:10 -
كِرَامًا كَاتِبِينَ
Сийлахь хилла‚ яздеш долу
82:11 -
يَعْلَمُونَ مَا تَفْعَلُونَ
Царна хаьа аш дийриг
82:12 -
إِنَّ الْأَبْرَارَ لَفِي نَعِيمٍ
Баккъалла а, дика берш /шена чохь массо а хIума долу/ наIим цIе йолчу ялсаманехь хир бу
82:13 -
وَإِنَّ الْفُجَّارَ لَفِي جَحِيمٍ
Баккъалла а, къинош деш берш жоьжахатехь хир бу
82:14 -
يَصْلَوْنَهَا يَوْمَ الدِّينِ
Цу чу гIур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Iовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь
82:15 -
وَمَا هُمْ عَنْهَا بِغَائِبِينَ
Цунах къайлабер ма бац уьш
82:16 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ
Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?
82:17 -
ثُمَّ مَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ
ТIаккха а хьуна стено хаийтина‚ иза хIун бекхаман де ду?
82:18 -
يَوْمَ لَا تَمْلِكُ نَفْسٌ لِنَفْسٍ شَيْئًا ۖ وَالْأَمْرُ يَوْمَئِذٍ لِلَّهِ
Оцу дийнахь сино синан цхьанна хIуманна тIехь доладийр дац. ГIуллакх оцу дийнахь хир ду Делан
82:19
Гочдар: Магомед Магомедов