Сурат 82 Аль-инфитӀар (Ядар), аят 14 – 18
-
وَإِنَّ الْفُجَّارَ لَفِي جَحِيمٍ
Баккъалла а, къинош деш берш жоьжахатехь хир бу
82:14 -
يَصْلَوْنَهَا يَوْمَ الدِّينِ
Цу чу гӀур бу уьш‚ /цуьнан йовхо Ӏовшур ю цара/ бекхаман /къемат/ дийнахь
82:15 -
وَمَا هُمْ عَنْهَا بِغَائِبِينَ
Цунах къайлабер ма бац уьш
82:16 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ
Хьуна стено хаийтина‚ иза хӀун бекхаман де ду?
82:17 -
ثُمَّ مَا أَدْرَاكَ مَا يَوْمُ الدِّينِ
ТӀаккха а хьуна стено хаийтина‚ иза хӀун бекхаман де ду?
82:18
Гочдар: Магомед Магомедов