Сурат 83 Аль-мутӀаффифин (Эшош берш), аят 22 – 28

  1. إِنَّ الْأَبْرَارَ لَفِي نَعِيمٍ

    Баккъалла а, диканиг динарш /ялсаманехь/ ниаташкахь хир бу‚

    83:22
  2. عَلَى الْأَرَائِكِ يَنْظُرُونَ

    Маьнганий тӀехь хьоьжуш

    83:23
  3. تَعْرِفُ فِي وُجُوهِهِمْ نَضْرَةَ النَّعِيمِ

    Хьуна девзар ду церан яххьашкахь ниӀматийн лепар!

    83:24
  4. يُسْقَوْنَ مِنْ رَحِيقٍ مَخْتُومٍ

    Малор ду царна мухӀар тоьхначу уггар цӀенчу чагӀарах‚

    83:25
  5. خِتَامُهُ مِسْكٌ ۚ وَفِي ذَٰلِكَ فَلْيَتَنَافَسِ الْمُتَنَافِسُونَ

    Цуьнан чакхе миск ю. Оцунна тхь яхье бовлийла шаьш яхье бовлурш!

    83:26
  6. وَمِزَاجُهُ مِنْ تَسْنِيمٍ

    Цунах (чагӀарах) тоьхнарг таснимах хир ду‚

    83:27
  7. عَيْنًا يَشْرَبُ بِهَا الْمُقَرَّبُونَ

    Шовда бу иза‚ шена чуьра мер долуш /Далла/ гергаболчара

    83:28

Гочдар: Магомед Магомедов