Сурат 83 Аль-мутIаффифин (Эшош берш)
-
وَيْلٌ لِلْمُطَفِّفِينَ
Боккха бāла бу /йохка-эцар еш дустуш -узуш/ эшош болчарна‚
83:1 -
الَّذِينَ إِذَا اكْتَالُوا عَلَى النَّاسِ يَسْتَوْفُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш нахера дустуш оьцуш /терза/ нисйойтуш‚
83:2 -
وَإِذَا كَالُوهُمْ أَوْ وَزَنُوهُمْ يُخْسِرُونَ
Ткъа шаьш царна дустуш а‚ узуш а - эшаеш
83:3 -
أَلَا يَظُنُّ أُولَٰئِكَ أَنَّهُمْ مَبْعُوثُونَ
Царна ца моьтту-те шаьш /деллачул тIаьхьа/ дендийр дуйла
83:4 -
لِيَوْمٍ عَظِيمٍ
Сийлахь-доккхачу денна!
83:5 -
يَوْمَ يَقُومُ النَّاسُ لِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Оцу дийнахь нах дхIуттур бу Iаламийн Дена /Далла/ хьалха
83:6 -
كَلَّا إِنَّ كِتَابَ الْفُجَّارِ لَفِي سِجِّينٍ
ХIан-хIа! Баккъалла а, къинош диначеран тептар Сижжин чохь хир ду!
83:7 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا سِجِّينٌ
Хьуна стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ иза Сижжин хIун ю?
83:8 -
كِتَابٌ مَرْقُومٌ
МухIар тоьхна тептар /ду иза/
83:9 -
وَيْلٌ يَوْمَئِذٍ لِلْمُكَذِّبِينَ
Боккха бāла бу оцу дийнахь /дин/ харцдечарна!
83:10 -
الَّذِينَ يُكَذِّبُونَ بِيَوْمِ الدِّينِ
Шаьш бекхаман де харцдеш болчу‚
83:11 -
وَمَا يُكَذِّبُ بِهِ إِلَّا كُلُّ مُعْتَدٍ أَثِيمٍ
Иза харцдийр ма дац массо а дозанах ваьлла‚ къинош деш волчо бен
83:12 -
إِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِ آيَاتُنَا قَالَ أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
Шена тIехь Тхан аяташ дешча‚ цо олу: 'Хьалхалерчийн туьйранаш /ду хIорш/'
83:13 -
كَلَّا ۖ بَلْ ۜ رَانَ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ مَا كَانُوا يَكْسِبُونَ
ХIан-хIа! ХIаъ! Цара карадеш долчо макх латийна церан дегнашка
83:14 -
كَلَّا إِنَّهُمْ عَنْ رَبِّهِمْ يَوْمَئِذٍ لَمَحْجُوبُونَ
ХIан-хIа! Баккъалла а, уьш оцу дийнахь шаьш Кхиош-кхобучух дIахьулбина хир бу (царна и Дела гур вац)
83:15 -
ثُمَّ إِنَّهُمْ لَصَالُو الْجَحِيمِ
ТIаккха уьш чугIур бу жоьжахатина
83:16 -
ثُمَّ يُقَالُ هَٰذَا الَّذِي كُنْتُمْ بِهِ تُكَذِّبُونَ
ТIаккха эр ду: 'ХIара ду аш харцдеш хилларг'
83:17 -
كَلَّا إِنَّ كِتَابَ الْأَبْرَارِ لَفِي عِلِّيِّينَ
ХIан-хIа! Баккъалла а, дикачеран тептар Iиллиййунан чохь хир ду
83:18 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا عِلِّيُّونَ
Хьуна стено хаийтина‚ и хIун Iиллиййун ю?
83:19 -
كِتَابٌ مَرْقُومٌ
МухIар тоьхна тептар /ду иза/
83:20
Гочдар: Магомед Магомедов