Сурат 84 Аль-иншикъакъ (/Стигал/ ядар), аят 1 – 12

  1. إِذَا السَّمَاءُ انْشَقَّتْ

    Стигал етIича‚

    84:1
  2. وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ

    Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча‚

    84:2
  3. وَإِذَا الْأَرْضُ مُدَّتْ

    Латта дIадаржича /нисдича, тIехь мел йолу хIума дIа а яккхина/‚

    84:3
  4. وَأَلْقَتْ مَا فِيهَا وَتَخَلَّتْ

    Шена тIехь (чохь) мел дерг дIакхоьссина‚ ша даьсса дисча‚

    84:4
  5. وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ

    Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла, /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча /хттур ду къематде/

    84:5
  6. يَا أَيُّهَا الْإِنْسَانُ إِنَّكَ كَادِحٌ إِلَىٰ رَبِّكَ كَدْحًا فَمُلَاقِيهِ

    ХIай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тIе вахан къахоьгуш ву къахьегарца (валарна тIе вахан‚ я Далла)‚ хьо Цунна дуьхьалкхетар ма ву (я айхьа йинчу Iамална диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а)

    84:6
  7. فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ

    Амма и шен тептар шега шен аьтту куьйга дIаделларг

    84:7
  8. فَسَوْفَ يُحَاسَبُ حِسَابًا يَسِيرًا

    ТIаьхьа цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚

    84:8
  9. وَيَنْقَلِبُ إِلَىٰ أَهْلِهِ مَسْرُورًا

    Шен цIийнан охIлана тIе иза двоьрзур ву хазахеташ

    84:9
  10. وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ وَرَاءَ ظَهْرِهِ

    Амма и шен тептар шега шен букъа тхьахула дIаделларг

    84:10
  11. فَسَوْفَ يَدْعُو ثُبُورًا

    ТIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /велла дIавалар атта дара цунна/‚

    84:11
  12. وَيَصْلَىٰ سَعِيرًا

    Чуваьр ву жоьжахатина

    84:12

Гочдар: Магомед Магомедов