Сурат 84 Аль-иншикъакъ (/Стигал/ ядар)
-
إِذَا السَّمَاءُ انْشَقَّتْ
Стигал етIича‚
84:1 -
وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ
Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла‚ /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча‚
84:2 -
وَإِذَا الْأَرْضُ مُدَّتْ
Латта дIадаржича /нисдича, тIехь мел йолу хIума дIа а яккхина/‚
84:3 -
وَأَلْقَتْ مَا فِيهَا وَتَخَلَّتْ
Шена тIехь (чохь) мел дерг дIакхоьссина‚ ша даьсса дисча‚
84:4 -
وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ
Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтIахь хилла, /и Далла муьтIахь хилар цунна/ хьакъ хилча /хттур ду къематде/
84:5 -
يَا أَيُّهَا الْإِنْسَانُ إِنَّكَ كَادِحٌ إِلَىٰ رَبِّكَ كَدْحًا فَمُلَاقِيهِ
ХIай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тIе вахан къахоьгуш ву къахьегарца (валарна тIе вахан‚ я Далла)‚ хьо Цунна дуьхьалкхетар ма ву (я айхьа йинчу Iамална диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а)
84:6 -
فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ
Амма и шен тептар шега шен аьтту куьйга дIаделларг
84:7 -
فَسَوْفَ يُحَاسَبُ حِسَابًا يَسِيرًا
ТIаьхьа цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚
84:8 -
وَيَنْقَلِبُ إِلَىٰ أَهْلِهِ مَسْرُورًا
Шен цIийнан охIлана тIе иза двоьрзур ву хазахеташ
84:9 -
وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ وَرَاءَ ظَهْرِهِ
Амма и шен тептар шега шен букъа тхьахула дIаделларг
84:10 -
فَسَوْفَ يَدْعُو ثُبُورًا
ТIаьхьа цо кхойкхур ду хIаллакхиларе /велла дIавалар атта дара цунна/‚
84:11 -
وَيَصْلَىٰ سَعِيرًا
Чуваьр ву жоьжахатина
84:12 -
إِنَّهُ كَانَ فِي أَهْلِهِ مَسْرُورًا
Баккъалла а, иза вара шен доьзалехь хазахеташ /дуьненахь волуш/
84:13 -
إِنَّهُ ظَنَّ أَنْ لَنْ يَحُورَ
Баккъалла а, цунна моьттура ша /шен Кхиош-кхобучунна тIе/ цкъа а юхавоьрзур вац
84:14 -
بَلَىٰ إِنَّ رَبَّهُ كَانَ بِهِ بَصِيرًا
ХIаъ‚ баккъалла а, иза кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш
84:15 -
فَلَا أُقْسِمُ بِالشَّفَقِ
ХIан-хIа! Дуй боу Ас /малх дIабузуш я малх дкхеташ/ стигал цIийяларца‚
84:16 -
وَاللَّيْلِ وَمَا وَسَقَ
/Дуй боу Ас/ буьйсанах а‚ цо гулдечух а
84:17 -
وَالْقَمَرِ إِذَا اتَّسَقَ
Баттах а /дуй боу Ас/, и буьзча /боккха хилла/
84:18 -
لَتَرْكَبُنَّ طَبَقًا عَنْ طَبَقٍ
Шу хьаьвзар ма ду цхьана хьолера кхечу хьоле
84:19 -
فَمَا لَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
ХIун ду-те царна уьш ца теша?
84:20
Гочдар: Магомед Магомедов