Сурат 84 Аль-иншикъакъ (/Стигал/ ядар), аят 1 – 15
-
إِذَا السَّمَاءُ انْشَقَّتْ
Стигал етӀича‚
84:1 -
وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ
Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтӀахь хилла‚ /и Далла муьтӀахь хилар цунна/ хьакъ хилча‚
84:2 -
وَإِذَا الْأَرْضُ مُدَّتْ
Латта дӀадаржича /нисдича, тӀехь мел йолу хӀума дӀа а яккхина/‚
84:3 -
وَأَلْقَتْ مَا فِيهَا وَتَخَلَّتْ
Шена тӀехь (чохь) мел дерг дӀакхоьссина‚ ша даьсса дисча‚
84:4 -
وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ
Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтӀахь хилла, /и Далла муьтӀахь хилар цунна/ хьакъ хилча /хттур ду къематде/
84:5 -
يَا أَيُّهَا الْإِنْسَانُ إِنَّكَ كَادِحٌ إِلَىٰ رَبِّكَ كَدْحًا فَمُلَاقِيهِ
ХӀай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тӀе вахан къахоьгуш ву къахьегарца (валарна тӀе вахан‚ я Далла)‚ хьо Цунна дуьхьалкхетар ма ву (я айхьа йинчу Ӏамална диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а)
84:6 -
فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ
Амма и шен тептар шега шен аьтту куьйга дӀаделларг
84:7 -
فَسَوْفَ يُحَاسَبُ حِسَابًا يَسِيرًا
ТӀаьхьа цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚
84:8 -
وَيَنْقَلِبُ إِلَىٰ أَهْلِهِ مَسْرُورًا
Шен цӀийнан охӀлана тӀе иза двоьрзур ву хазахеташ
84:9 -
وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ وَرَاءَ ظَهْرِهِ
Амма и шен тептар шега шен букъа тхьахула дӀаделларг
84:10 -
فَسَوْفَ يَدْعُو ثُبُورًا
ТӀаьхьа цо кхойкхур ду хӀаллакхиларе /велла дӀавалар атта дара цунна/‚
84:11 -
وَيَصْلَىٰ سَعِيرًا
Чуваьр ву жоьжахатина
84:12 -
إِنَّهُ كَانَ فِي أَهْلِهِ مَسْرُورًا
Баккъалла а, иза вара шен доьзалехь хазахеташ /дуьненахь волуш/
84:13 -
إِنَّهُ ظَنَّ أَنْ لَنْ يَحُورَ
Баккъалла а, цунна моьттура ша /шен Кхиош-кхобучунна тӀе/ цкъа а юхавоьрзур вац
84:14 -
بَلَىٰ إِنَّ رَبَّهُ كَانَ بِهِ بَصِيرًا
ХӀаъ‚ баккъалла а, иза кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш
84:15
Гочдар: Магомед Магомедов