Сурат 84 Аль-иншикъакъ (/Стигал/ ядар), аят 1 – 25

  1. إِذَا السَّمَاءُ انْشَقَّتْ

    Стигал етӀича‚

    84:1
  2. وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ

    Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтӀахь хилла‚ /и Далла муьтӀахь хилар цунна/ хьакъ хилча‚

    84:2
  3. وَإِذَا الْأَرْضُ مُدَّتْ

    Латта дӀадаржича /нисдича, тӀехь мел йолу хӀума дӀа а яккхина/‚

    84:3
  4. وَأَلْقَتْ مَا فِيهَا وَتَخَلَّتْ

    Шена тӀехь (чохь) мел дерг дӀакхоьссина‚ ша даьсса дисча‚

    84:4
  5. وَأَذِنَتْ لِرَبِّهَا وَحُقَّتْ

    Шен кхиош-кхобуш волчу Далла муьтӀахь хилла, /и Далла муьтӀахь хилар цунна/ хьакъ хилча /хттур ду къематде/

    84:5
  6. يَا أَيُّهَا الْإِنْسَانُ إِنَّكَ كَادِحٌ إِلَىٰ رَبِّكَ كَدْحًا فَمُلَاقِيهِ

    ХӀай адам! Баккъалла а, хьо хьан Кхиош-кхобучунна тӀе вахан къахоьгуш ву къахьегарца (валарна тӀе вахан‚ я Далла)‚ хьо Цунна дуьхьалкхетар ма ву (я айхьа йинчу Ӏамална диканиг ялахь а‚ вониг ялахь а)

    84:6
  7. فَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ

    Амма и шен тептар шега шен аьтту куьйга дӀаделларг

    84:7
  8. فَسَوْفَ يُحَاسَبُ حِسَابًا يَسِيرًا

    ТӀаьхьа цунна хьесап дийр ду аттачу хьесапаца /миза-терза узуш/‚

    84:8
  9. وَيَنْقَلِبُ إِلَىٰ أَهْلِهِ مَسْرُورًا

    Шен цӀийнан охӀлана тӀе иза двоьрзур ву хазахеташ

    84:9
  10. وَأَمَّا مَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ وَرَاءَ ظَهْرِهِ

    Амма и шен тептар шега шен букъа тхьахула дӀаделларг

    84:10
  11. فَسَوْفَ يَدْعُو ثُبُورًا

    ТӀаьхьа цо кхойкхур ду хӀаллакхиларе /велла дӀавалар атта дара цунна/‚

    84:11
  12. وَيَصْلَىٰ سَعِيرًا

    Чуваьр ву жоьжахатина

    84:12
  13. إِنَّهُ كَانَ فِي أَهْلِهِ مَسْرُورًا

    Баккъалла а, иза вара шен доьзалехь хазахеташ /дуьненахь волуш/

    84:13
  14. إِنَّهُ ظَنَّ أَنْ لَنْ يَحُورَ

    Баккъалла а, цунна моьттура ша /шен Кхиош-кхобучунна тӀе/ цкъа а юхавоьрзур вац

    84:14
  15. بَلَىٰ إِنَّ رَبَّهُ كَانَ بِهِ بَصِيرًا

    ХӀаъ‚ баккъалла а, иза кхиош-кхобуш волу Дела хилла цунах дерг гуш

    84:15
  16. فَلَا أُقْسِمُ بِالشَّفَقِ

    ХӀан-хӀа! Дуй боу Ас /малх дӀабузуш я малх дкхеташ/ стигал цӀийяларца‚

    84:16
  17. وَاللَّيْلِ وَمَا وَسَقَ

    /Дуй боу Ас/ буьйсанах а‚ цо гулдечух а

    84:17
  18. وَالْقَمَرِ إِذَا اتَّسَقَ

    Баттах а /дуй боу Ас/, и буьзча /боккха хилла/

    84:18
  19. لَتَرْكَبُنَّ طَبَقًا عَنْ طَبَقٍ

    Шу хьаьвзар ма ду цхьана хьолера кхечу хьоле

    84:19
  20. فَمَا لَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    ХӀун ду-те царна уьш ца теша?

    84:20
  21. وَإِذَا قُرِئَ عَلَيْهِمُ الْقُرْآنُ لَا يَسْجُدُونَ ۩

    Шайна тӀехь Къуръан доьшуш, сужуд ца дан?

    84:21
  22. بَلِ الَّذِينَ كَفَرُوا يُكَذِّبُونَ

    ХӀаъ! И ца тешаш хилларш /дин/ харцдеш бу-кх

    84:22
  23. وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُوعُونَ

    Дела дика хууш ву цара шайгахь хьулдинарг

    84:23
  24. فَبَشِّرْهُمْ بِعَذَابٍ أَلِيمٍ

    Кхаъ баккха царна лазош долчу Ӏазапца‚

    84:24
  25. إِلَّا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ أَجْرٌ غَيْرُ مَمْنُونٍ

    Ийман диллинарш а‚ дика Ӏамал йинарш боцучарна царна хир ю хедар йоцу ял!

    84:25

Гочдар: Магомед Магомедов