Сурат 85 Аль-бурудж (ГIаланаш), аят 1 – 10

  1. وَالسَّمَاءِ ذَاتِ الْبُرُوجِ

    Стигланах дуй боу Ас‚ /седарчий чохь долу/ гIаланаш йолчу‚

    85:1
  2. وَالْيَوْمِ الْمَوْعُودِ

    Шуна ваIда йинчу /къемат/ дийнах а дуй боу Ас‚

    85:2
  3. وَشَاهِدٍ وَمَشْهُودٍ

    Ша тешалла дийр долчух а, шена тхь тешалла дийр долчух а /дуй боу Ас/

    85:3
  4. قُتِلَ أَصْحَابُ الْأُخْدُودِ

    Хллакхили саьнгарийн дай,

    85:4
  5. النَّارِ ذَاتِ الْوَقُودِ

    /Муъмина нахах/ шена ягориг йинчу цIеран дай

    85:5
  6. إِذْ هُمْ عَلَيْهَا قُعُودٌ

    Уьш бара цунна гонахь хиина‚

    85:6
  7. وَهُمْ عَلَىٰ مَا يَفْعَلُونَ بِالْمُؤْمِنِينَ شُهُودٌ

    Шаьш муъмина нахана тIехь дечуьнга хьоьжуш

    85:7
  8. وَمَا نَقَمُوا مِنْهُمْ إِلَّا أَنْ يُؤْمِنُوا بِاللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ

    Цаьргара чIир ца оьцура цара деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен

    85:8
  9. الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ма ву

    85:9
  10. إِنَّ الَّذِينَ فَتَنُوا الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ثُمَّ لَمْ يَتُوبُوا فَلَهُمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ وَلَهُمْ عَذَابُ الْحَرِيقِ

    Баккъалла а, и муъмин божарий а‚ муъмин зударий а байле лаьцнарш‚ тIаккха тоба ца динарш царна жоьжахатин Iазап ду‚ царна цIеран Iазап ду

    85:10

Гочдар: Магомед Магомедов