Сурат 85 Аль-бурудж (ГIаланаш)
-
وَالسَّمَاءِ ذَاتِ الْبُرُوجِ
Стигланах дуй боу Ас‚ /седарчий чохь долу/ гIаланаш йолчу‚
85:1 -
وَالْيَوْمِ الْمَوْعُودِ
Шуна ваIда йинчу /къемат/ дийнах а дуй боу Ас‚
85:2 -
وَشَاهِدٍ وَمَشْهُودٍ
Ша тешалла дийр долчух а, шена тхь тешалла дийр долчух а /дуй боу Ас/
85:3 -
قُتِلَ أَصْحَابُ الْأُخْدُودِ
Хллакхили саьнгарийн дай,
85:4 -
النَّارِ ذَاتِ الْوَقُودِ
/Муъмина нахах/ шена ягориг йинчу цIеран дай
85:5 -
إِذْ هُمْ عَلَيْهَا قُعُودٌ
Уьш бара цунна гонахь хиина‚
85:6 -
وَهُمْ عَلَىٰ مَا يَفْعَلُونَ بِالْمُؤْمِنِينَ شُهُودٌ
Шаьш муъмина нахана тIехь дечуьнга хьоьжуш
85:7 -
وَمَا نَقَمُوا مِنْهُمْ إِلَّا أَنْ يُؤْمِنُوا بِاللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ
Цаьргара чIир ца оьцура цара деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен
85:8 -
الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ
Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. И Дела массо а хIуманна тIехь теш ма ву
85:9 -
إِنَّ الَّذِينَ فَتَنُوا الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ثُمَّ لَمْ يَتُوبُوا فَلَهُمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ وَلَهُمْ عَذَابُ الْحَرِيقِ
Баккъалла а, и муъмин божарий а‚ муъмин зударий а байле лаьцнарш‚ тIаккха тоба ца динарш царна жоьжахатин Iазап ду‚ царна цIеран Iазап ду
85:10 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَهُمْ جَنَّاتٌ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۚ ذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْكَبِيرُ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а царна бошмаш ю‚ шайн бухахула хиш оьхуш долу. Иза боккха толам бу-кх!
85:11 -
إِنَّ بَطْشَ رَبِّكَ لَشَدِيدٌ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волчун /Делан/ ницкъ чIогIа бу-кх!
85:12 -
إِنَّهُ هُوَ يُبْدِئُ وَيُعِيدُ
Баккъалла а, Цо ддоладо‚ Цо карладоккху /муьлха гIуллакх/. (Цо кхоьллина халкъ юхьанца, Цо дендийр ду и тIаьхьа къематдинахь)
85:13 -
وَهُوَ الْغَفُورُ الْوَدُودُ
Иза гечдийриг а ву‚ безаш верг а ву /Шена гIуллакх деш берш/
85:14 -
ذُو الْعَرْشِ الْمَجِيدُ
Сийлахь Iаршан Да а ву‚
85:15 -
فَعَّالٌ لِمَا يُرِيدُ
Шена луург деш верг а ву
85:16 -
هَلْ أَتَاكَ حَدِيثُ الْجُنُودِ
Эскарийн хабар деъний хьоьга‚ /хIай Мухьаммад/,
85:17 -
فِرْعَوْنَ وَثَمُودَ
ФирIавнан а‚ самудийн а /хабар/?
85:18 -
بَلِ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي تَكْذِيبٍ
ХIаъ! Цатешнарш харцона чохь ма бу
85:19 -
وَاللَّهُ مِنْ وَرَائِهِمْ مُحِيطٌ
Дела царна тIехьахула го бина ма ву (Дела царна тIехь ницкъ болуш ву)
85:20
Гочдар: Магомед Магомедов