Сурат 85 Аль-бурудж (ГӀаланаш), аят 4 – 10

  1. قُتِلَ أَصْحَابُ الْأُخْدُودِ

    Хллакхили саьнгарийн дай,

    85:4
  2. النَّارِ ذَاتِ الْوَقُودِ

    /Муъмина нахах/ шена ягориг йинчу цӀеран дай

    85:5
  3. إِذْ هُمْ عَلَيْهَا قُعُودٌ

    Уьш бара цунна гонахь хиина‚

    85:6
  4. وَهُمْ عَلَىٰ مَا يَفْعَلُونَ بِالْمُؤْمِنِينَ شُهُودٌ

    Шаьш муъмина нахана тӀехь дечуьнга хьоьжуш

    85:7
  5. وَمَا نَقَمُوا مِنْهُمْ إِلَّا أَنْ يُؤْمِنُوا بِاللَّهِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ

    Цаьргара чӀир ца оьцура цара деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен

    85:8
  6. الَّذِي لَهُ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدٌ

    Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. И Дела массо а хӀуманна тӀехь теш ма ву

    85:9
  7. إِنَّ الَّذِينَ فَتَنُوا الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ثُمَّ لَمْ يَتُوبُوا فَلَهُمْ عَذَابُ جَهَنَّمَ وَلَهُمْ عَذَابُ الْحَرِيقِ

    Баккъалла а, и муъмин божарий а‚ муъмин зударий а байле лаьцнарш‚ тӀаккха тоба ца динарш царна жоьжахатин Ӏазап ду‚ царна цӀеран Ӏазап ду

    85:10

Гочдар: Магомед Магомедов