Сурат 86 Ат-тӀарикъ (/Буса кхета/ седа), аят 5 – 8

  1. فَلْيَنْظُرِ الْإِنْسَانُ مِمَّ خُلِقَ

    Хьожийла адам‚ стенах ша кхоьллина ду!

    86:5
  2. خُلِقَ مِنْ مَاءٍ دَافِقٍ

    Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих

    86:6
  3. يَخْرُجُ مِنْ بَيْنِ الصُّلْبِ وَالتَّرَائِبِ

    Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьӀакех (тхкех)

    86:7
  4. إِنَّهُ عَلَىٰ رَجْعِهِ لَقَادِرٌ

    Баккъалла а, И /Дела/ ву иза юхаверзон ницкъ кхочуш верг

    86:8

Гочдар: Магомед Магомедов