Сурат 86 Ат-тIарикъ (/Буса кхета/ седа)

  1. وَالسَّمَاءِ وَالطَّارِقِ

    Стигланах а дуй боу Ас‚ /буса кхетачу/ седах а дуй боу Ас

    86:1
  2. وَمَا أَدْرَاكَ مَا الطَّارِقُ

    Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/, и / буса кхетарг/ хIун седа бу?

    86:2
  3. النَّجْمُ الثَّاقِبُ

    Бода хадош болу седа бу иза

    86:3
  4. إِنْ كُلُّ نَفْسٍ لَمَّا عَلَيْهَا حَافِظٌ

    Цхьа а са ма дац шена тIехь тергамхо волуш бен

    86:4
  5. فَلْيَنْظُرِ الْإِنْسَانُ مِمَّ خُلِقَ

    Хьожийла адам‚ стенах ша кхоьллина ду!

    86:5
  6. خُلِقَ مِنْ مَاءٍ دَافِقٍ

    Иза кхоьллина ду ийначу /боьршачу стеган а‚ зудчун а/ хих

    86:6
  7. يَخْرُجُ مِنْ بَيْنِ الصُّلْبِ وَالتَّرَائِبِ

    Иза схьадолу /ден/ букъара‚ /ненан/ некхан даьIакех (тхкех)

    86:7
  8. إِنَّهُ عَلَىٰ رَجْعِهِ لَقَادِرٌ

    Баккъалла а, И /Дела/ ву иза юхаверзон ницкъ кхочуш верг

    86:8
  9. يَوْمَ تُبْلَى السَّرَائِرُ

    Къайленаш толлучу /къемат/ дийнахь

    86:9
  10. فَمَا لَهُ مِنْ قُوَّةٍ وَلَا نَاصِرٍ

    Ма бац цунна (къинош диначунна) ницкъ а‚ ма вац цунна (къинош диначунна) гIоьнча а

    86:10
  11. وَالسَّمَاءِ ذَاتِ الرَّجْعِ

    Стигланах а дуй боу Ас‚ шегахь юхадерзор долчу (шен хен-хенахь доьлху догIа долчу)

    86:11
  12. وَالْأَرْضِ ذَاتِ الصَّدْعِ

    Латтах а дуй боу Ас‚ шегахь дадар долчу /орамат схьадолуш/:

    86:12
  13. إِنَّهُ لَقَوْلٌ فَصْلٌ

    Баккъалла а, и /Къуръан/ /диканиг а‚ вониг а/ къастош дош ду-кх!

    86:13
  14. وَمَا هُوَ بِالْهَزْلِ

    Иза забар яц-кх!

    86:14
  15. إِنَّهُمْ يَكِيدُونَ كَيْدًا

    Баккъалла а, уьш (керстанаш) мекарло еш бу мекарло ярца

    86:15
  16. وَأَكِيدُ كَيْدًا

    Аса йо /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло

    86:16
  17. فَمَهِّلِ الْكَافِرِينَ أَمْهِلْهُمْ رُوَيْدًا

    Бита и керстанаш /сих ца луш цаьргара чIир эца/‚ Аса а буьтур бу цхьа жимма

    86:17

Гочдар: Магомед Магомедов