Сурат 89 Аль-фаджр (Сатасар), аят 1 – 30
-
وَالْفَجْرِ
Сатасарах дуй боу Ас
89:1 -
وَلَيَالٍ عَشْرٍ
Итт буьйсанех а дуй боу Ас
89:2 -
وَالشَّفْعِ وَالْوَتْرِ
Шала а‚ шалза а долчух дуй боу Ас
89:3 -
وَاللَّيْلِ إِذَا يَسْرِ
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ иза дӀайолаелча
89:4 -
هَلْ فِي ذَٰلِكَ قَسَمٌ لِذِي حِجْرٍ
Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/
89:5 -
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِعَادٍ
Хьоьга ца кхечира /хӀай Мухьаммад/‚ хӀун дира хьо Кхиош-кхобуш волчо Ӏадашца?
89:6 -
إِرَمَ ذَاتِ الْعِمَادِ
Шайн бӀогӀамаш долчу ирамашца а?
89:7 -
الَّتِي لَمْ يُخْلَقْ مِثْلُهَا فِي الْبِلَادِ
Ишттанаш бу уьш шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш
89:8 -
وَثَمُودَ الَّذِينَ جَابُوا الصَّخْرَ بِالْوَادِ
Самудашца а, атагӀахь тархаш (чараш) туьстуш /цӀенош деш/ хиллачу?
89:9 -
وَفِرْعَوْنَ ذِي الْأَوْتَادِ
Хьостамаш долчу ФирӀавнаца?
89:10 -
الَّذِينَ طَغَوْا فِي الْبِلَادِ
Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тӀехбевла хилла болчу
89:11 -
فَأَكْثَرُوا فِيهَا الْفَسَادَ
Дукха дира цара цигахь вон хӀуманаш
89:12 -
فَصَبَّ عَلَيْهِمْ رَبُّكَ سَوْطَ عَذَابٍ
Царна тӀе Ӏанийра хьо Кхиош-кхобучо тайп-тайпана Ӏазап
89:13 -
إِنَّ رَبَّكَ لَبِالْمِرْصَادِ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург /нахана/ тӀехьожуш ву-кх /церан Ӏамалш тергал еш/
89:14 -
فَأَمَّا الْإِنْسَانُ إِذَا مَا ابْتَلَاهُ رَبُّهُ فَأَكْرَمَهُ وَنَعَّمَهُ فَيَقُولُ رَبِّي أَكْرَمَنِ
Адамо ша Кхиош-кхобучо зийча‚ Цо шена сий дича‚ ниӀматаш делча‚ олу: 'Со Кхиош-кхобучо сий дина сан'
89:15 -
وَأَمَّا إِذَا مَا ابْتَلَاهُ فَقَدَرَ عَلَيْهِ رِزْقَهُ فَيَقُولُ رَبِّي أَهَانَنِ
Амма Цо ша зийча‚ шена рицкъ кӀеззиг делча‚ цо олу: 'Со Кхиош-кхобучо со сийсазаваьккхи'
89:16 -
كَلَّا ۖ بَلْ لَا تُكْرِمُونَ الْيَتِيمَ
ХӀан-хӀа! Боберан сий ца до аш
89:17 -
وَلَا تَحَاضُّونَ عَلَىٰ طَعَامِ الْمِسْكِينِ
Мискачунна даа хӀума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш
89:18 -
وَتَأْكُلُونَ التُّرَاثَ أَكْلًا لَمًّا
/Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чӀогӀа даарца
89:19 -
وَتُحِبُّونَ الْمَالَ حُبًّا جَمًّا
Даьхни дезаш ду шу дукха дезарца
89:20 -
كَلَّا إِذَا دُكَّتِ الْأَرْضُ دَكًّا دَكًّا
Латта нисдийча‚ нисдеш‚ нисдеш /цунах дсаяьржина чан хуьлуш/
89:21 -
وَجَاءَ رَبُّكَ وَالْمَلَكُ صَفًّا صَفًّا
ВогӀур ву хьо Кхиош-кхобург а‚ малик а могӀица могӀица
89:22 -
وَجِيءَ يَوْمَئِذٍ بِجَهَنَّمَ ۚ يَوْمَئِذٍ يَتَذَكَّرُ الْإِنْسَانُ وَأَنَّىٰ لَهُ الذِّكْرَىٰ
Оцу /къемат/дийнахь ялор ю (гучуйоккхур ю) жоьжахати. Оцу дийнахь дагадогӀур ду адамна. Стенна ду цунна /хӀинца/ и дагадар?!
89:23 -
يَقُولُ يَا لَيْتَنِي قَدَّمْتُ لِحَيَاتِي
Цо эр ду: 'Хьалхадаьккхина хиллехьара ас /диканиг/ сайн /хирг долчу/ дахарна'
89:24 -
فَيَوْمَئِذٍ لَا يُعَذِّبُ عَذَابَهُ أَحَدٌ
Оцу дийнахь Цуьнан (Делан) Ӏазап дийр дац цхьаммо а‚
89:25 -
وَلَا يُوثِقُ وَثَاقَهُ أَحَدٌ
Цхьаммо а буьхкур бац Цуьнан шад
89:26 -
يَا أَيَّتُهَا النَّفْسُ الْمُطْمَئِنَّةُ
/Делах кхоьруш хиллачаьрга эр ду/: 'ХӀай синтем хилла долу са!
89:27 -
ارْجِعِي إِلَىٰ رَبِّكِ رَاضِيَةً مَرْضِيَّةً
ДӀадерза хьуо Кхиош-кхобучуьнга хьо реза долуш‚ хьайна /Дела а‚ маликаш а/ реза долуш‚
89:28 -
فَادْخُلِي فِي عِبَادِي
ДӀакхиа Сан /дикачу/ лешка‚
89:29 -
وَادْخُلِي جَنَّتِي
Чу гӀо Сан ялсамани'
89:30
Гочдар: Магомед Магомедов