Сурат 89 Аль-фаджр (Сатасар)
-
وَالْفَجْرِ
Сатасарах дуй боу Ас
89:1 -
وَلَيَالٍ عَشْرٍ
Итт буьйсанех а дуй боу Ас
89:2 -
وَالشَّفْعِ وَالْوَتْرِ
Шала а‚ шалза а долчух дуй боу Ас
89:3 -
وَاللَّيْلِ إِذَا يَسْرِ
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ иза дIайолаелча
89:4 -
هَلْ فِي ذَٰلِكَ قَسَمٌ لِذِي حِجْرٍ
Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/
89:5 -
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِعَادٍ
Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьо Кхиош-кхобуш волчо Iадашца?
89:6 -
إِرَمَ ذَاتِ الْعِمَادِ
Шайн бIогIамаш долчу ирамашца а?
89:7 -
الَّتِي لَمْ يُخْلَقْ مِثْلُهَا فِي الْبِلَادِ
Ишттанаш бу уьш шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш
89:8 -
وَثَمُودَ الَّذِينَ جَابُوا الصَّخْرَ بِالْوَادِ
Самудашца а, атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?
89:9 -
وَفِرْعَوْنَ ذِي الْأَوْتَادِ
Хьостамаш долчу ФирIавнаца?
89:10 -
الَّذِينَ طَغَوْا فِي الْبِلَادِ
Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тIехбевла хилла болчу
89:11 -
فَأَكْثَرُوا فِيهَا الْفَسَادَ
Дукха дира цара цигахь вон хIуманаш
89:12 -
فَصَبَّ عَلَيْهِمْ رَبُّكَ سَوْطَ عَذَابٍ
Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-кхобучо тайп-тайпана Iазап
89:13 -
إِنَّ رَبَّكَ لَبِالْمِرْصَادِ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал еш/
89:14 -
فَأَمَّا الْإِنْسَانُ إِذَا مَا ابْتَلَاهُ رَبُّهُ فَأَكْرَمَهُ وَنَعَّمَهُ فَيَقُولُ رَبِّي أَكْرَمَنِ
Адамо ша Кхиош-кхобучо зийча‚ Цо шена сий дича‚ ниIматаш делча‚ олу: 'Со Кхиош-кхобучо сий дина сан'
89:15 -
وَأَمَّا إِذَا مَا ابْتَلَاهُ فَقَدَرَ عَلَيْهِ رِزْقَهُ فَيَقُولُ رَبِّي أَهَانَنِ
Амма Цо ша зийча‚ шена рицкъ кIеззиг делча‚ цо олу: 'Со Кхиош-кхобучо со сийсазаваьккхи'
89:16 -
كَلَّا ۖ بَلْ لَا تُكْرِمُونَ الْيَتِيمَ
ХIан-хIа! Боберан сий ца до аш
89:17 -
وَلَا تَحَاضُّونَ عَلَىٰ طَعَامِ الْمِسْكِينِ
Мискачунна даа хIума дала /нехан/ дегнаш айа ца до аш
89:18 -
وَتَأْكُلُونَ التُّرَاثَ أَكْلًا لَمًّا
/Боберийн а‚ зударийн а/ ирс дууш ду шу чIогIа даарца
89:19 -
وَتُحِبُّونَ الْمَالَ حُبًّا جَمًّا
Даьхни дезаш ду шу дукха дезарца
89:20
Гочдар: Магомед Магомедов