Сурат 89 Аль-фаджр (Сатасар), аят 1 – 5
-
وَالْفَجْرِ
Сатасарах дуй боу Ас
89:1 -
وَلَيَالٍ عَشْرٍ
Итт буьйсанех а дуй боу Ас
89:2 -
وَالشَّفْعِ وَالْوَتْرِ
Шала а‚ шалза а долчух дуй боу Ас
89:3 -
وَاللَّيْلِ إِذَا يَسْرِ
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ иза дIайолаелча
89:4 -
هَلْ فِي ذَٰلِكَ قَسَمٌ لِذِي حِجْرٍ
Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/
89:5
Гочдар: Магомед Магомедов