Сурат 89 Аль-фаджр (Сатасар), аят 1 – 9
-
وَالْفَجْرِ
Сатасарах дуй боу Ас
89:1 -
وَلَيَالٍ عَشْرٍ
Итт буьйсанех а дуй боу Ас
89:2 -
وَالشَّفْعِ وَالْوَتْرِ
Шала а‚ шалза а долчух дуй боу Ас
89:3 -
وَاللَّيْلِ إِذَا يَسْرِ
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ иза дIайолаелча
89:4 -
هَلْ فِي ذَٰلِكَ قَسَمٌ لِذِي حِجْرٍ
Цу чохь дуй бац ткъа хьекъал долчунна? /Бу, Делора!/
89:5 -
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِعَادٍ
Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьо Кхиош-кхобуш волчо Iадашца?
89:6 -
إِرَمَ ذَاتِ الْعِمَادِ
Шайн бIогIамаш долчу ирамашца а?
89:7 -
الَّتِي لَمْ يُخْلَقْ مِثْلُهَا فِي الْبِلَادِ
Ишттанаш бу уьш шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш
89:8 -
وَثَمُودَ الَّذِينَ جَابُوا الصَّخْرَ بِالْوَادِ
Самудашца а, атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?
89:9
Гочдар: Магомед Магомедов