Сурат 89 Аль-фаджр (Сатасар), аят 6 – 14
-
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ فَعَلَ رَبُّكَ بِعَادٍ
Хьоьга ца кхечира /хIай Мухьаммад/‚ хIун дира хьо Кхиош-кхобуш волчо Iадашца?
89:6 -
إِرَمَ ذَاتِ الْعِمَادِ
Шайн бIогIамаш долчу ирамашца а?
89:7 -
الَّتِي لَمْ يُخْلَقْ مِثْلُهَا فِي الْبِلَادِ
Ишттанаш бу уьш шайх теранаш махкахь кхин кхоьллина боцуш
89:8 -
وَثَمُودَ الَّذِينَ جَابُوا الصَّخْرَ بِالْوَادِ
Самудашца а, атагIахь тархаш (чараш) туьстуш /цIенош деш/ хиллачу?
89:9 -
وَفِرْعَوْنَ ذِي الْأَوْتَادِ
Хьостамаш долчу ФирIавнаца?
89:10 -
الَّذِينَ طَغَوْا فِي الْبِلَادِ
Шаьш махкахь /Делан дозанех/ тIехбевла хилла болчу
89:11 -
فَأَكْثَرُوا فِيهَا الْفَسَادَ
Дукха дира цара цигахь вон хIуманаш
89:12 -
فَصَبَّ عَلَيْهِمْ رَبُّكَ سَوْطَ عَذَابٍ
Царна тIе Iанийра хьо Кхиош-кхобучо тайп-тайпана Iазап
89:13 -
إِنَّ رَبَّكَ لَبِالْمِرْصَادِ
Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург /нахана/ тIехьожуш ву-кх /церан Iамалш тергал еш/
89:14
Гочдар: Магомед Магомедов