Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 1 – 10

  1. يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْأَنْفَالِ ۖ قُلِ الْأَنْفَالُ لِلَّهِ وَالرَّسُولِ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَصْلِحُوا ذَاتَ بَيْنِكُمْ ۖ وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Цара хьоьга хоьтту /хӀай Мухьаммад/ хӀонсах лаьцна‚ ахь āла: 'ХӀонс Делан а‚ элчанан а ю'. Шу Делах кхера‚ вовший юккъехь маслахьат а де‚ муьтӀахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш дерш (муъмин нах)

    8:1
  2. إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَإِذَا تُلِيَتْ عَلَيْهِمْ آيَاتُهُ زَادَتْهُمْ إِيمَانًا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ

    Баккъалла а, тешаш берш (муъмин нах) бу Дела хьехийча, шайн дегнаш кӀадлуш берш‚ шайна тӀехь Цуьнан аяташ дешча, ийманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна тӀетевжаш берш

    8:2
  3. الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ

    Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хӀоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанах /Делан новкъахь/ харжаш а еш

    8:3
  4. أُولَٰئِكَ هُمُ الْمُؤْمِنُونَ حَقًّا ۚ لَهُمْ دَرَجَاتٌ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَمَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ

    Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъмин нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъ а ду

    8:4
  5. كَمَا أَخْرَجَكَ رَبُّكَ مِنْ بَيْتِكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّ فَرِيقًا مِنَ الْمُؤْمِنِينَ لَكَارِهُونَ

    Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонца хьайн цӀа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъмин нахах) цхьа тоба чӀогӀа ца лууш ма ю /гӀазот дан/

    8:5
  6. يُجَادِلُونَكَ فِي الْحَقِّ بَعْدَمَا تَبَيَّنَ كَأَنَّمَا يُسَاقُونَ إِلَى الْمَوْتِ وَهُمْ يَنْظُرُونَ

    Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь и билгалдаьллачул тӀаьхьа‚ шаьш Ӏожаллина тӀе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш а лаьтташ

    8:6
  7. وَإِذْ يَعِدُكُمُ اللَّهُ إِحْدَى الطَّائِفَتَيْنِ أَنَّهَا لَكُمْ وَتَوَدُّونَ أَنَّ غَيْرَ ذَاتِ الشَّوْكَةِ تَكُونُ لَكُمْ وَيُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُحِقَّ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ وَيَقْطَعَ دَابِرَ الْكَافِرِينَ

    Дала шуьца ваӀда йо: шина тобанах цхьаъ шун ю, олий. Шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чӀагӀдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тӀаьхье хадон а

    8:7
  8. لِيُحِقَّ الْحَقَّ وَيُبْطِلَ الْبَاطِلَ وَلَوْ كَرِهَ الْمُجْرِمُونَ

    Бакъдерг чӀагӀдархьама а‚ харцдерг дӀатилорхьама а, къинош дечарна /и мел/ ца дезахь а

    8:8
  9. إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَاسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّي مُمِدُّكُمْ بِأَلْفٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُرْدِفِينَ

    Аш шайн Кхиош-кхобучуьнга гӀо доьхура. Цо шуна жоп делира: 'Ас шу чӀагӀдийр ду эзар вовшашна тхьа-тхьахь лаьттачу маликашца'‚ аьлла

    8:9
  10. وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِ قُلُوبُكُمْ ۚ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргӀатдахархьама а бен. ГӀо дац Делера а бен. Баккъалла а, Дела веза верг‚ хьукма нийса деш верг ву

    8:10

Гочдар: Магомед Магомедов