Сурат 8 Аль-анфал (ХIонс)
-
يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْأَنْفَالِ ۖ قُلِ الْأَنْفَالُ لِلَّهِ وَالرَّسُولِ ۖ فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَصْلِحُوا ذَاتَ بَيْنِكُمْ ۖ وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Цара хьоьга хоьтту /хIай Мухьаммад/ хIонсах лаьцна‚ ахь āла: 'ХIонс Делан а‚ элчанан а ю'. Шу Делах кхера‚ вовший юккъехь маслахьат а де‚ муьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ шаьш хиллехь тешаш дерш (муъмин нах)
8:1 -
إِنَّمَا الْمُؤْمِنُونَ الَّذِينَ إِذَا ذُكِرَ اللَّهُ وَجِلَتْ قُلُوبُهُمْ وَإِذَا تُلِيَتْ عَلَيْهِمْ آيَاتُهُ زَادَتْهُمْ إِيمَانًا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Баккъалла а, тешаш берш (муъмин нах) бу Дела хьехийча, шайн дегнаш кIадлуш берш‚ шайна тIехь Цуьнан аяташ дешча, ийманца совбуьйлуш берш‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIетевжаш берш
8:2 -
الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ
Ишттанаш бу уьш шаьш ламаз а хIоттош‚ Оха шайна деллачу рицкъанах /Делан новкъахь/ харжаш а еш
8:3 -
أُولَٰئِكَ هُمُ الْمُؤْمِنُونَ حَقًّا ۚ لَهُمْ دَرَجَاتٌ عِنْدَ رَبِّهِمْ وَمَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
Уьш бу хьакъ-бакъ болу тешаш берш (муъмин нах)‚ царна шайн Кхиош-кхобучунна гергахь даржаш ду‚ гечдар ду‚ шортта рицкъ а ду
8:4 -
كَمَا أَخْرَجَكَ رَبُّكَ مِنْ بَيْتِكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّ فَرِيقًا مِنَ الْمُؤْمِنِينَ لَكَارِهُونَ
Хьан Кхиош-кхобучо хьо бакъонца хьайн цIа чуьра араваккхаре терра‚ тешаш болчех (муъмин нахах) цхьа тоба чIогIа ца лууш ма ю /гIазот дан/
8:5 -
يُجَادِلُونَكَ فِي الْحَقِّ بَعْدَمَا تَبَيَّنَ كَأَنَّمَا يُسَاقُونَ إِلَى الْمَوْتِ وَهُمْ يَنْظُرُونَ
Хьоьца къуьйсуш бу уьш бакъдолчуьнгахь и билгалдаьллачул тIаьхьа‚ шаьш Iожаллина тIе лоьхкуш санна, шаьш хьоьжуш а лаьтташ
8:6 -
وَإِذْ يَعِدُكُمُ اللَّهُ إِحْدَى الطَّائِفَتَيْنِ أَنَّهَا لَكُمْ وَتَوَدُّونَ أَنَّ غَيْرَ ذَاتِ الشَّوْكَةِ تَكُونُ لَكُمْ وَيُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُحِقَّ الْحَقَّ بِكَلِمَاتِهِ وَيَقْطَعَ دَابِرَ الْكَافِرِينَ
Дала шуьца ваIда йо: шина тобанах цхьаъ шун ю, олий. Шуна дезаш ду герз доцург шайна хуьлийла‚ Далла лууш ду бакъдерг чIагIдан а Шен дешнашца‚ цатешачеран тIаьхье хадон а
8:7 -
لِيُحِقَّ الْحَقَّ وَيُبْطِلَ الْبَاطِلَ وَلَوْ كَرِهَ الْمُجْرِمُونَ
Бакъдерг чIагIдархьама а‚ харцдерг дIатилорхьама а, къинош дечарна /и мел/ ца дезахь а
8:8 -
إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَاسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّي مُمِدُّكُمْ بِأَلْفٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُرْدِفِينَ
Аш шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: 'Ас шу чIагIдийр ду эзар вовшашна тхьа-тхьахь лаьттачу маликашца'‚ аьлла
8:9 -
وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِ قُلُوبُكُمْ ۚ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен. ГIо дац Делера а бен. Баккъалла а, Дела веза верг‚ хьукма нийса деш верг ву
8:10 -
إِذْ يُغَشِّيكُمُ النُّعَاسَ أَمَنَةً مِنْهُ وَيُنَزِّلُ عَلَيْكُمْ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً لِيُطَهِّرَكُمْ بِهِ وَيُذْهِبَ عَنْكُمْ رِجْزَ الشَّيْطَانِ وَلِيَرْبِطَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ وَيُثَبِّتَ بِهِ الْأَقْدَامَ
Дагадаийта: Цо шуна тIетесира наб озор, шуна Шегара сапаргIато хилла‚ доссадора шуна тIе стиглара хи (догIа), шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чIагIбархьама
8:11 -
إِذْ يُوحِي رَبُّكَ إِلَى الْمَلَائِكَةِ أَنِّي مَعَكُمْ فَثَبِّتُوا الَّذِينَ آمَنُوا ۚ سَأُلْقِي فِي قُلُوبِ الَّذِينَ كَفَرُوا الرُّعْبَ فَاضْرِبُوا فَوْقَ الْأَعْنَاقِ وَاضْرِبُوا مِنْهُمْ كُلَّ بَنَانٍ
Дагадаийта: хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка, Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе ийман диллинарш. Ас тIаьхьа цатешначеран дегнашка кхерам тосур бу – тоха легашна тхула /кортош даха/‚ хадайе церан массо а пIелган юьхьиг
8:12 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَاقُّوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ وَمَنْ يُشَاقِقِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чIогIа ву
8:13 -
ذَٰلِكُمْ فَذُوقُوهُ وَأَنَّ لِلْكَافِرِينَ عَذَابَ النَّارِ
Иза (Iазап) ду шуна: 'Iовша и шайна – цатешачарна цIеран Iазап ду'
8:14 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا لَقِيتُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا زَحْفًا فَلَا تُوَلُّوهُمُ الْأَدْبَارَ
ХIай ийман диллинарш! Шаьш цатешачарна дуьхьалкхетча (тIам тIехь эскарш вовшахкхетча) могIаршца, /шайн/ баккъаш ма тоха царна (царах кхералой ма довда)
8:15 -
وَمَنْ يُوَلِّهِمْ يَوْمَئِذٍ دُبُرَهُ إِلَّا مُتَحَرِّفًا لِقِتَالٍ أَوْ مُتَحَيِّزًا إِلَىٰ فِئَةٍ فَقَدْ بَاءَ بِغَضَبٍ مِنَ اللَّهِ وَمَأْوَاهُ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Оцу дийнахь царна шен букъ тоьхнарг‚ ша тIамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дIауьйш вацахь, Делера оьгIазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугIойла жоьжахати ю‚ ма вон бу и кхоллам!
8:16 -
فَلَمْ تَقْتُلُوهُمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ قَتَلَهُمْ ۚ وَمَا رَمَيْتَ إِذْ رَمَيْتَ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ رَمَىٰ ۚ وَلِيُبْلِيَ الْمُؤْمِنِينَ مِنْهُ بَلَاءً حَسَنًا ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Аш ца байина уьш‚ делахь а, Дала байина уьш. Ахь ца кхоьссина /герз/ айхьа кхуссуш, делахь а, – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гIазот дIахьош верг) муъмин нахана шегара хаза ял (толам‚ хIонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш верг а, хууш верг а ву
8:17 -
ذَٰلِكُمْ وَأَنَّ اللَّهَ مُوهِنُ كَيْدِ الْكَافِرِينَ
Иза -Дела хилар ду цатешачеран мекарло эшор йолуш
8:18 -
إِنْ تَسْتَفْتِحُوا فَقَدْ جَاءَكُمُ الْفَتْحُ ۖ وَإِنْ تَنْتَهُوا فَهُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۖ وَإِنْ تَعُودُوا نَعُدْ وَلَنْ تُغْنِيَ عَنْكُمْ فِئَتُكُمْ شَيْئًا وَلَوْ كَثُرَتْ وَأَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُؤْمِنِينَ
Аш толам бехча – толам беана шуьга. Шу совцахь – и дика ду шуна‚ шу юха а тIамна юкъа дагIахь – Тхо а догIур ду, шун тобано шу цхьана а хIуманах кIелхьардохур дац, и йоккха хилахь а. Дела муъмин нахаца ву
8:19 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَا تَوَلَّوْا عَنْهُ وَأَنْتُمْ تَسْمَعُونَ
ХIай ийман диллинарш! МуьтIахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дIа ма гIо, шу хезаш долуш /цо дуьйцург/
8:20
Гочдар: Магомед Магомедов