Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 15 – 17
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا لَقِيتُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا زَحْفًا فَلَا تُوَلُّوهُمُ الْأَدْبَارَ
ХӀай ийман диллинарш! Шаьш цатешачарна дуьхьалкхетча (тӀам тӀехь эскарш вовшахкхетча) могӀаршца, /шайн/ баккъаш ма тоха царна (царах кхералой ма довда)
8:15 -
وَمَنْ يُوَلِّهِمْ يَوْمَئِذٍ دُبُرَهُ إِلَّا مُتَحَرِّفًا لِقِتَالٍ أَوْ مُتَحَيِّزًا إِلَىٰ فِئَةٍ فَقَدْ بَاءَ بِغَضَبٍ مِنَ اللَّهِ وَمَأْوَاهُ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ
Оцу дийнахь царна шен букъ тоьхнарг‚ ша тӀамна хьаьвзаш вацахь я кхечу тобанах дӀауьйш вацахь, Делера оьгӀазаллина юкъаваьлла и‚ цуьнан чугӀойла жоьжахати ю‚ ма вон бу и кхоллам!
8:16 -
فَلَمْ تَقْتُلُوهُمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ قَتَلَهُمْ ۚ وَمَا رَمَيْتَ إِذْ رَمَيْتَ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ رَمَىٰ ۚ وَلِيُبْلِيَ الْمُؤْمِنِينَ مِنْهُ بَلَاءً حَسَنًا ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Аш ца байина уьш‚ делахь а, Дала байина уьш. Ахь ца кхоьссина /герз/ айхьа кхуссуш, делахь а, – Дала кхоьссина (Дела вара и шун гӀазот дӀахьош верг) муъмин нахана шегара хаза ял (толам‚ хӀонс) ялархьама. Баккъалла а, Дела хезаш верг а, хууш верг а ву
8:17
Гочдар: Магомед Магомедов