Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 20 – 28
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَا تَوَلَّوْا عَنْهُ وَأَنْتُمْ تَسْمَعُونَ
ХӀай ийман диллинарш! МуьтӀахь хила Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ и (пайхамар) витий дӀа ма гӀо, шу хезаш долуш /цо дуьйцург/
8:20 -
وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ قَالُوا سَمِعْنَا وَهُمْ لَا يَسْمَعُونَ
Шу тар ма ло аьллачарах: 'ЛадоьгӀна оха'‚ шаьш ладугӀуш а боцуш
8:21 -
إِنَّ شَرَّ الدَّوَابِّ عِنْدَ اللَّهِ الصُّمُّ الْبُكْمُ الَّذِينَ لَا يَعْقِلُونَ
Баккъалла а, Далла гергахь уггар боьха хьайба ду къораниг а, мотт цахуург а. Уьш бу хьекъале боцурш (Делах ца тешаш болу керстанаш)
8:22 -
وَلَوْ عَلِمَ اللَّهُ فِيهِمْ خَيْرًا لَأَسْمَعَهُمْ ۖ وَلَوْ أَسْمَعَهُمْ لَتَوَلَّوْا وَهُمْ مُعْرِضُونَ
Далла цаьргахь диканиг лиъна хиллехьара, Цо ладогӀуьйтур дара цаьрга. Цо шайга ладогӀийтича а, тӀаккха а дӀагӀур бара уьш (гӀазотера бовдур бара), /ийманах/ юьстах а бевлла
8:23 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اسْتَجِيبُوا لِلَّهِ وَلِلرَّسُولِ إِذَا دَعَاكُمْ لِمَا يُحْيِيكُمْ ۖ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَحُولُ بَيْنَ الْمَرْءِ وَقَلْبِهِ وَأَنَّهُ إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Жоп ло Далла а‚ элчанна а Цо шайга кхайкхича Ша шуна дахар луш долчуьнга. Шуна хаалаш: и Дела стагана а‚ цуьнан дагана а юкъавулу /шена луург цуьнга ца дойтуш/‚ шу а Цунна тӀе дгулдийр ду
8:24 -
وَاتَّقُوا فِتْنَةً لَا تُصِيبَنَّ الَّذِينَ ظَلَمُوا مِنْكُمْ خَاصَّةً ۖ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Питанах кхералаш: къаьсттина шух зулам диначарна зен дина Ӏанне а ца Ӏа иза (массарна а зен до цо). Шуна хаалаш, и Дела бекхам барца (таӀзар дарца) чӀогӀа вуйла
8:25 -
وَاذْكُرُوا إِذْ أَنْتُمْ قَلِيلٌ مُسْتَضْعَفُونَ فِي الْأَرْضِ تَخَافُونَ أَنْ يَتَخَطَّفَكُمُ النَّاسُ فَآوَاكُمْ وَأَيَّدَكُمْ بِنَصْرِهِ وَرَزَقَكُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
Аш дагадаийтал шаьш, кӀеззиг а долуш, лаьттахь заьӀап хилар‚ шаьш наха схьалецарна а кхоьруш. ТӀаккха Цо тӀелецира шу‚ Шен гӀоьнца чӀагӀдира шу‚ цӀенчух рицкъ а делира шуна, – шу хила мегар-кха баркалла олуш
8:26 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَخُونُوا اللَّهَ وَالرَّسُولَ وَتَخُونُوا أَمَانَاتِكُمْ وَأَنْتُمْ تَعْلَمُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Аш тешнабехк ма белаш Далла а‚ элчанна а‚ аш тешнабехк ма белаш шайга хиллачу тешамна (декхар делахь а‚ я кхин хӀума делахь а), шаьш хууш а долуш
8:27 -
وَاعْلَمُوا أَنَّمَا أَمْوَالُكُمْ وَأَوْلَادُكُمْ فِتْنَةٌ وَأَنَّ اللَّهَ عِنْدَهُ أَجْرٌ عَظِيمٌ
Шуна хаалаш, шайн бахам а, шайн доьзалш а питана дуйла‚ баккъалла а, Дела Шегахь сийлахь-йоккха ял йолуш вуйла
8:28
Гочдар: Магомед Магомедов