Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 29 – 37
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَتَّقُوا اللَّهَ يَجْعَلْ لَكُمْ فُرْقَانًا وَيُكَفِّرْ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
ХӀай ийман диллинарш! Шу Делах кхерахь‚ Цо кхетам бийр бу шуна (довзуьйтур ду бакъдерг‚ харцдерг)‚ шайн къинойх цӀандийр ду шу‚ шуна гечдийр ду Цо, – и Дела сийлахь-йокха комаьршалла йолуш ма ву
8:29 -
وَإِذْ يَمْكُرُ بِكَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِيُثْبِتُوكَ أَوْ يَقْتُلُوكَ أَوْ يُخْرِجُوكَ ۚ وَيَمْكُرُونَ وَيَمْكُرُ اللَّهُ ۖ وَاللَّهُ خَيْرُ الْمَاكِرِينَ
Хьуна мекарло ма йора цатешачара хьо лаца‚ я вен‚ я хьо араваккха /Макки чуьра/. Мекарло йо цара, – Дала а йо мекарло /церан мекарло йохош/. И Дела /мекарлонна дуьхьал/ мекарло ечарех диканиг ву
8:30 -
وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا قَالُوا قَدْ سَمِعْنَا لَوْ نَشَاءُ لَقُلْنَا مِثْلَ هَٰذَا ۙ إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
Шайна тӀехь Тхан аяташ дешча, цара олу: 'Хезна тхуна‚ тхайна лиъча, цунах тераниг оха а эр дара‚ уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара'
8:31 -
وَإِذْ قَالُوا اللَّهُمَّ إِنْ كَانَ هَٰذَا هُوَ الْحَقَّ مِنْ عِنْدِكَ فَأَمْطِرْ عَلَيْنَا حِجَارَةً مِنَ السَّمَاءِ أَوِ ائْتِنَا بِعَذَابٍ أَلِيمٍ
Цара ма элира /дагадаийтал, хӀай элча/: 'Везан Дела‚ хӀара хиллехь Хьоьгара бакъдерг‚ догӀица тӀулгаш делхийта тхуна стиглара‚ я лазош долу Ӏазап даийта тхуна'
8:32 -
وَمَا كَانَ اللَّهُ لِيُعَذِّبَهُمْ وَأَنْتَ فِيهِمْ ۚ وَمَا كَانَ اللَّهُ مُعَذِّبَهُمْ وَهُمْ يَسْتَغْفِرُونَ
Дела ца хилира царна Ӏазап деш, хьо царна юккъехь волуш. Ца хилира Дела царна Ӏазап деш верг, уьш шайна гечдар доьхуш а болуш
8:33 -
وَمَا لَهُمْ أَلَّا يُعَذِّبَهُمُ اللَّهُ وَهُمْ يَصُدُّونَ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَمَا كَانُوا أَوْلِيَاءَهُ ۚ إِنْ أَوْلِيَاؤُهُ إِلَّا الْمُتَّقُونَ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Дала Ӏазап хӀунда ца до царна, уьш Дезчу Маьждиге / бусалба нах/ ца буьтуш хилча? Уьш ца хилла цунна доладеш берш. Цуьнан доладан хьакъ берш беккъа /Делах/ кхоьрурш бу‚ делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх
8:34 -
وَمَا كَانَ صَلَاتُهُمْ عِنْدَ الْبَيْتِ إِلَّا مُكَاءً وَتَصْدِيَةً ۚ فَذُوقُوا الْعَذَابَ بِمَا كُنْتُمْ تَكْفُرُونَ
Церан ламаз (КаӀбан) цӀийна хьалхахь ма ца хилира шок еттар а‚ тӀараш деттар а бен. /Царна жоп дац/ 'Ӏовша шайна Ӏазап, шаьш цахиларна тешаш' /алар бен/
8:35 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا يُنْفِقُونَ أَمْوَالَهُمْ لِيَصُدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ فَسَيُنْفِقُونَهَا ثُمَّ تَكُونُ عَلَيْهِمْ حَسْرَةً ثُمَّ يُغْلَبُونَ ۗ وَالَّذِينَ كَفَرُوا إِلَىٰ جَهَنَّمَ يُحْشَرُونَ
Баккъалла а, цатешачара харжаш йо Делан некъах /нах/ дӀатилабан. ТӀаьхьа а йийр ю цара уьш‚ тӀаккха йуьсур ю хьуна уьш царна шайна дохкобовлар а, гӀайгӀа а хилла.ТӀаккха уьш эшор бу. Цатешаш берш жоьжахате гулбийр бу
8:36 -
لِيَمِيزَ اللَّهُ الْخَبِيثَ مِنَ الطَّيِّبِ وَيَجْعَلَ الْخَبِيثَ بَعْضَهُ عَلَىٰ بَعْضٍ فَيَرْكُمَهُ جَمِيعًا فَيَجْعَلَهُ فِي جَهَنَّمَ ۚ أُولَٰئِكَ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Дала къасторхьама боьханиг цӀенчух‚ боьханиг боьхачунна тӀедиллархьама‚ тӀаккха царах массарах а барз бархьама‚ тӀаккха и жоьжахатехь хилийтархьама. Уьш бу-кх эшнарш
8:37
Гочдар: Магомед Магомедов