Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 38 – 44

  1. قُلْ لِلَّذِينَ كَفَرُوا إِنْ يَنْتَهُوا يُغْفَرْ لَهُمْ مَا قَدْ سَلَفَ وَإِنْ يَعُودُوا فَقَدْ مَضَتْ سُنَّتُ الْأَوَّلِينَ

    Ахь āла /хӀай Мухьаммад/ цатешначаьрга: 'Уьш совцахь, царна гечдийр ду хьалха даьллачунна‚ уьш юха а буьйлалахь /бусалбанашца тӀом бан/ – хьалхалерачарна хилларг хир ду (хӀаллакбийр бу)”

    8:38
  2. وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ كُلُّهُ لِلَّهِ ۚ فَإِنِ انْتَهَوْا فَإِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ بَصِيرٌ

    ТӀом бе цаьрца питана ца хилийта‚ дерриге а дин Далла хилийта. ТӀаккха уьш совцахь (маслахьате баьхкина – совца шу а), – баккъалла а, Дела цара дийриг гуш ву

    8:39
  3. وَإِنْ تَوَلَّوْا فَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَوْلَاكُمْ ۚ نِعْمَ الْمَوْلَىٰ وَنِعْمَ النَّصِيرُ

    Уьш дӀаберзахь (маслахьте ца богӀуш)‚ шуна хаалаш, Дела вуйла шун гӀоьнча (тӀаккха тӀом бе аш) – дика гӀоьнча ву‚ дика толам луш верг ву Иза

    8:40
  4. وَاعْلَمُوا أَنَّمَا غَنِمْتُمْ مِنْ شَيْءٍ فَأَنَّ لِلَّهِ خُمُسَهُ وَلِلرَّسُولِ وَلِذِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينِ وَابْنِ السَّبِيلِ إِنْ كُنْتُمْ آمَنْتُمْ بِاللَّهِ وَمَا أَنْزَلْنَا عَلَىٰ عَبْدِنَا يَوْمَ الْفُرْقَانِ يَوْمَ الْتَقَى الْجَمْعَانِ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Шуна хаалаш, шаьш хӀонсах хӀума яьккхича, оцунах пхоьалгӀа дāкъа ду Далла а‚ элчанна а‚ цуьнан гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачарна а‚ некъахочунна а‚ шу хиллехь тешаш Делах а‚ Оха Тхайн лега, къастаман дийнахь ши тоба вовшашна дуьхь-дуьхьал нисъеллачу дийнахь, доссийначух а (маликашка а, кхин Делан билгалонашка а). Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ болуш ву

    8:41
  5. إِذْ أَنْتُمْ بِالْعُدْوَةِ الدُّنْيَا وَهُمْ بِالْعُدْوَةِ الْقُصْوَىٰ وَالرَّكْبُ أَسْفَلَ مِنْكُمْ ۚ وَلَوْ تَوَاعَدْتُمْ لَاخْتَلَفْتُمْ فِي الْمِيعَادِ ۙ وَلَٰكِنْ لِيَقْضِيَ اللَّهُ أَمْرًا كَانَ مَفْعُولًا لِيَهْلِكَ مَنْ هَلَكَ عَنْ بَيِّنَةٍ وَيَحْيَىٰ مَنْ حَيَّ عَنْ بَيِّنَةٍ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَسَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Дагадаийта, шу /Мадинатан/ гергарчу агр а долуш‚ уьш генарчу агр а болуш, и къепал шуна лахахь а йолуш ма дара. Аш вовшашца ваӀда йина хиллехьара‚ галдевр дара шу тоьхначу хенаца (меттигца) делахь а, Дала кхочушхилийтархьама и хилла даьлла гӀуллакх‚ хӀаллакван ша билггал хӀаллакхилларг‚ вахийта ша билггал дийна виснарг. Баккъалла а, Дела хезаш верг а‚ хууш верг а ма ву

    8:42
  6. إِذْ يُرِيكَهُمُ اللَّهُ فِي مَنَامِكَ قَلِيلًا ۖ وَلَوْ أَرَاكَهُمْ كَثِيرًا لَفَشِلْتُمْ وَلَتَنَازَعْتُمْ فِي الْأَمْرِ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ سَلَّمَ ۗ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ

    Дагадаийта: хьоьга гайтира Дала уьш гӀенах кӀеззиг хиларца /ахь дийцира и гн хьан накъосташка/‚ Цо хьоьга уьш гайтинехьара дукха хиларца – дýхур дара шу‚ гӀуллакхехь къуьйсур дара аш‚ делахь а, Дала лардина /шу иэшарах/. Баккъалла а, Иза хууш ву дегнашкахь дерг

    8:43
  7. وَإِذْ يُرِيكُمُوهُمْ إِذِ الْتَقَيْتُمْ فِي أَعْيُنِكُمْ قَلِيلًا وَيُقَلِّلُكُمْ فِي أَعْيُنِهِمْ لِيَقْضِيَ اللَّهُ أَمْرًا كَانَ مَفْعُولًا ۗ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Дагадаийта! Шуна гайтира Цо уьш‚ шу /царна/ дуьхьалкхетча‚ шун бӀаьргашкахула уьш кӀеззиг болуш‚ шу кӀеззиг долуш гайтира церан бӀаьргашкахула, Дала кхочушдархьама хилла даьлла долу гӀуллакх. Деле дӀадоьрзу гӀуллакхаш

    8:44

Гочдар: Магомед Магомедов