Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 45 – 48
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا لَقِيتُمْ فِئَةً فَاثْبُتُوا وَاذْكُرُوا اللَّهَ كَثِيرًا لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Шайна /мостагйн/тоба дуьхьалкхетча, чӀагӀлолаш‚ Дела хьехавелаш дуккха‚ шу даккхийден тарло
8:45 -
وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَا تَنَازَعُوا فَتَفْشَلُوا وَتَذْهَبَ رِيحُكُمْ ۖ وَاصْبِرُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ
МуьтӀахь хилалаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а‚ вовшашца ма къийсалаш – тӀаккха озалур ду шу /мостагӀчух/‚ шун ницкъ дӀабер бу. Собаре хилалаш. Баккъалла а, Дела собаре болчаьрца ву (царна гӀодарца)
8:46 -
وَلَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ خَرَجُوا مِنْ دِيَارِهِمْ بَطَرًا وَرِئَاءَ النَّاسِ وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۚ وَاللَّهُ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ
Шу ма хилалаш шайн цӀеношкара арабевллачарах тера кураллица‚ нахана гайтархьама, Делан некъах /нах/ дӀатилабеш. И Дела аш дечунна гуо беш ма ву /хаарца/
8:47 -
وَإِذْ زَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ وَقَالَ لَا غَالِبَ لَكُمُ الْيَوْمَ مِنَ النَّاسِ وَإِنِّي جَارٌ لَكُمْ ۖ فَلَمَّا تَرَاءَتِ الْفِئَتَانِ نَكَصَ عَلَىٰ عَقِبَيْهِ وَقَالَ إِنِّي بَرِيءٌ مِنْكُمْ إِنِّي أَرَىٰ مَا لَا تَرَوْنَ إِنِّي أَخَافُ اللَّهَ ۚ وَاللَّهُ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Дагадаийта, шайтӀано хазйира царна шайн Ӏамалш‚ элира: 'Тахана нахах цхьа а вац шу эшо‚ со шуна лулахо ду'. ТӀаккха, шена ши тоба гича, дӀадедира иза‚ элира: 'Баккъалла а, со цӀена ду шух‚ баккъалла а, со гуш ду (цунна маликаш гуш дара бусалбанашна гӀо деш) шуна цагург‚ со кхоьру Делах – и Дела таӀзар дарца чӀогӀа ву'
8:48
Гочдар: Магомед Магомедов