Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 49 – 58

  1. إِذْ يَقُولُ الْمُنَافِقُونَ وَالَّذِينَ فِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ غَرَّ هَٰؤُلَاءِ دِينُهُمْ ۗ وَمَنْ يَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ فَإِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    Дагадаийта! Мунепикъаша а‚ шайн дегнашкахь цамгар йолчара а олура: 'ХӀорш шайн дино Ӏехийна'. Далла тӀетевжинарг – /Делан хьесапехь ву/. Баккъалла а, и Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    8:49
  2. وَلَوْ تَرَىٰ إِذْ يَتَوَفَّى الَّذِينَ كَفَرُوا ۙ الْمَلَائِكَةُ يَضْرِبُونَ وُجُوهَهُمْ وَأَدْبَارَهُمْ وَذُوقُوا عَذَابَ الْحَرِيقِ

    Хьуна гинехьара и цатешнарш маликаша шайн синош схьадохуш, шайн яххьех а‚ тӀехьашха а етташ: 'Ӏовша шайна жоьжахатин Ӏазап‚ олуш.-

    8:50
  3. ذَٰلِكَ بِمَا قَدَّمَتْ أَيْدِيكُمْ وَأَنَّ اللَّهَ لَيْسَ بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    Иза ду шун куьйгаша хьалха -даькхинарг бахьанехь‚ Дела лешна зуламе вац'

    8:51
  4. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    ФирӀавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Ӏадатах терра‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тӀаккха Дала шайн къиношца схьалецира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чӀогӀа ву таӀзар дарца

    8:52
  5. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ لَمْ يَكُ مُغَيِّرًا نِعْمَةً أَنْعَمَهَا عَلَىٰ قَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا مَا بِأَنْفُسِهِمْ ۙ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана а къомана делла хилла долу ниӀмат хуьйцуш верг, цара шаьш хийццалц шайцадерг, и ду Дела хиларна хезаш верг а‚ хууш верг а

    8:53
  6. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ ۚ وَكُلٌّ كَانُوا ظَالِمِينَ

    ФирӀавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Ӏадатах терра‚ харцдира цара шайн Делан аяташ – тӀаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хӀаллакбира. ФирӀавнан доьзал Оха хӀорда бухабахийтира - массо а хилира уьш зуламхой

    8:54
  7. إِنَّ شَرَّ الدَّوَابِّ عِنْدَ اللَّهِ الَّذِينَ كَفَرُوا فَهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ

    /Дала мел кхоьллинчу/ лаьттахула лелачу хманех уггар боьханиг Далла гергахь – цатешарш бу‚ цара ийман ца дуьллу

    8:55
  8. الَّذِينَ عَاهَدْتَ مِنْهُمْ ثُمَّ يَنْقُضُونَ عَهْدَهُمْ فِي كُلِّ مَرَّةٍ وَهُمْ لَا يَتَّقُونَ

    Ахь шайца барт бина (тӀом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тӀаккха массо а хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру /Делах и барт бохо/

    8:56
  9. فَإِمَّا تَثْقَفَنَّهُمْ فِي الْحَرْبِ فَشَرِّدْ بِهِمْ مَنْ خَلْفَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ

    Хьо царна тӀамехь дуьхьал нисвелча, луьра таар де царна, царал тӀехьахь болчарна кхерам таса - цара ойла ян мегара /хьуна шаьш тешнабехк ца бан, хьоьца хилла барт ца бохо /

    8:57
  10. وَإِمَّا تَخَافَنَّ مِنْ قَوْمٍ خِيَانَةً فَانْبِذْ إِلَيْهِمْ عَلَىٰ سَوَاءٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْخَائِنِينَ

    Хьо кхерахь цхьана /хьан шеца барт болчу/ къоман тешнабехках‚ бохабе ахь /барт/ цаьрца нийсса. Баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш

    8:58

Гочдар: Магомед Магомедов