Сурат 8 Аль-анфал (ХIонс), аят 52 – 54

  1. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَفَرُوا بِآيَاتِ اللَّهِ فَأَخَذَهُمُ اللَّهُ بِذُنُوبِهِمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ ца тийшира уьш Делан аятех – тIаккха Дала шайн къиношца схьалецира уьш. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала ву‚ чIогIа ву таIзар дарца

    8:52
  2. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ لَمْ يَكُ مُغَيِّرًا نِعْمَةً أَنْعَمَهَا عَلَىٰ قَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا مَا بِأَنْفُسِهِمْ ۙ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    Иза ду – Дела цахиларна ша цхьана а къомана делла хилла долу ниIмат хуьйцуш верг, цара шаьш хийццалц шайцадерг, и ду Дела хиларна хезаш верг а‚ хууш верг а

    8:53
  3. كَدَأْبِ آلِ فِرْعَوْنَ ۙ وَالَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَّبُوا بِآيَاتِ رَبِّهِمْ فَأَهْلَكْنَاهُمْ بِذُنُوبِهِمْ وَأَغْرَقْنَا آلَ فِرْعَوْنَ ۚ وَكُلٌّ كَانُوا ظَالِمِينَ

    ФирIавнан доьзалан а‚ царал хьалха хиллачеран а Iадатах терра‚ харцдира цара шайн Делан аяташ – тIаккха Оха уьш, шайн къинош бахьанехь, хIаллакбира. ФирIавнан доьзал Оха хIорда бухабахийтира - массо а хилира уьш зуламхой

    8:54

Гочдар: Магомед Магомедов