Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 56 – 60

  1. الَّذِينَ عَاهَدْتَ مِنْهُمْ ثُمَّ يَنْقُضُونَ عَهْدَهُمْ فِي كُلِّ مَرَّةٍ وَهُمْ لَا يَتَّقُونَ

    Ахь шайца барт бина (тӀом бира бац, аьлла) хилларш бу уьш‚ тӀаккха массо а хенахь и шайн барт бохабо цара‚ уьш ца кхоьру /Делах и барт бохо/

    8:56
  2. فَإِمَّا تَثْقَفَنَّهُمْ فِي الْحَرْبِ فَشَرِّدْ بِهِمْ مَنْ خَلْفَهُمْ لَعَلَّهُمْ يَذَّكَّرُونَ

    Хьо царна тӀамехь дуьхьал нисвелча, луьра таар де царна, царал тӀехьахь болчарна кхерам таса - цара ойла ян мегара /хьуна шаьш тешнабехк ца бан, хьоьца хилла барт ца бохо /

    8:57
  3. وَإِمَّا تَخَافَنَّ مِنْ قَوْمٍ خِيَانَةً فَانْبِذْ إِلَيْهِمْ عَلَىٰ سَوَاءٍ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْخَائِنِينَ

    Хьо кхерахь цхьана /хьан шеца барт болчу/ къоман тешнабехках‚ бохабе ахь /барт/ цаьрца нийсса. Баккъалла а, Далла ца беза тешнабехк бийраш

    8:58
  4. وَلَا يَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا سَبَقُوا ۚ إِنَّهُمْ لَا يُعْجِزُونَ

    /Бадрехь ца бойуш кӀелхьарбевллачу/ керстанашна маттанне а ма моьттийла шаьш /Тхол/ хьалхадевли (Тхан шайна тӀехь ницкъ кхочур бац). Баккъалла а, цара кӀелдуьтур дац /Делан гӀуллакх а, бусалбанашна гӀо хилар а/

    8:59
  5. وَأَعِدُّوا لَهُمْ مَا اسْتَطَعْتُمْ مِنْ قُوَّةٍ وَمِنْ رِبَاطِ الْخَيْلِ تُرْهِبُونَ بِهِ عَدُوَّ اللَّهِ وَعَدُوَّكُمْ وَآخَرِينَ مِنْ دُونِهِمْ لَا تَعْلَمُونَهُمُ اللَّهُ يَعْلَمُهُمْ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ شَيْءٍ فِي سَبِيلِ اللَّهِ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تُظْلَمُونَ

    Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ: тман грс а, кийча говраш шеца аш кхеро Делан мостагӀ а‚ шайн мостагӀ а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу- Далла бевза уьш. Аш Делан новкъахь мел харж яхь а – и /кхоччуш/ юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац (Дала аш динарг тидаме ца оьцуш дуьтур дац)

    8:60

Гочдар: Магомед Магомедов