Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 59 – 64
-
وَلَا يَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا سَبَقُوا ۚ إِنَّهُمْ لَا يُعْجِزُونَ
/Бадрехь ца бойуш кӀелхьарбевллачу/ керстанашна маттанне а ма моьттийла шаьш /Тхол/ хьалхадевли (Тхан шайна тӀехь ницкъ кхочур бац). Баккъалла а, цара кӀелдуьтур дац /Делан гӀуллакх а, бусалбанашна гӀо хилар а/
8:59 -
وَأَعِدُّوا لَهُمْ مَا اسْتَطَعْتُمْ مِنْ قُوَّةٍ وَمِنْ رِبَاطِ الْخَيْلِ تُرْهِبُونَ بِهِ عَدُوَّ اللَّهِ وَعَدُوَّكُمْ وَآخَرِينَ مِنْ دُونِهِمْ لَا تَعْلَمُونَهُمُ اللَّهُ يَعْلَمُهُمْ ۚ وَمَا تُنْفِقُوا مِنْ شَيْءٍ فِي سَبِيلِ اللَّهِ يُوَفَّ إِلَيْكُمْ وَأَنْتُمْ لَا تُظْلَمُونَ
Кечбе царна дуьхьал шайн тар малло ницкъ: тман грс а, кийча говраш шеца аш кхеро Делан мостагӀ а‚ шайн мостагӀ а‚ уьш боцурш кхиберш а‚ шуна шаьш ца бевзаш болу- Далла бевза уьш. Аш Делан новкъахь мел харж яхь а – и /кхоччуш/ юхайоьрзур ю шуна‚ шуна зулам дийр дац (Дала аш динарг тидаме ца оьцуш дуьтур дац)
8:60 -
وَإِنْ جَنَحُوا لِلسَّلْمِ فَاجْنَحْ لَهَا وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Нагахь санна уьш машаре кховдахь‚ – тӀаккха хьо а кховда цуьнга (машаре)‚ Далла тӀетовжа‚ баккъалла а, Иза хезаш верг а‚ хууш верг а ву
8:61 -
وَإِنْ يُرِيدُوا أَنْ يَخْدَعُوكَ فَإِنَّ حَسْبَكَ اللَّهُ ۚ هُوَ الَّذِي أَيَّدَكَ بِنَصْرِهِ وَبِالْمُؤْمِنِينَ
Царна лаахь хьо Ӏехо (тешнабехк бан) – хьуна кхачойийриг Дела ву. И ву Ша Шен гӀоьнца а, муъмин нахаца а хьо чӀагӀвина хилларг
8:62 -
وَأَلَّفَ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ ۚ لَوْ أَنْفَقْتَ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا مَا أَلَّفْتَ بَيْنَ قُلُوبِهِمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ أَلَّفَ بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Цо бартадалира церан дегнаш (безам тесира вовшашна юккъехь)‚ ахь лаьттахь мел дерг доьхкича а, хьоьга бартадалалур дацара церан дегнаш‚ делахь а, Дала бартабалийра уьш. Баккъалла а, Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву
8:63 -
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ حَسْبُكَ اللَّهُ وَمَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
ХӀай пайхамар! Хьуна кхачоен ерг Дела ву‚ муъмин нахах хьуна тӀаьхьахӀоьттинарг а ву
8:64
Гочдар: Магомед Магомедов