Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 65 – 69
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ حَرِّضِ الْمُؤْمِنِينَ عَلَى الْقِتَالِ ۚ إِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ عِشْرُونَ صَابِرُونَ يَغْلِبُوا مِائَتَيْنِ ۚ وَإِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ مِائَةٌ يَغْلِبُوا أَلْفًا مِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا بِأَنَّهُمْ قَوْمٌ لَا يَفْقَهُونَ
ХӀай пайхамар! ТӀамна тӀеберзабе муъмин нах! Шух собаре ткъа хилча – эшор ву цара ши бӀе‚ шух бӀе хилча – эшор ву цара цатешачарах эзар‚ хӀунда аьлча, уьш ца кхеташ къам ду
8:65 -
الْآنَ خَفَّفَ اللَّهُ عَنْكُمْ وَعَلِمَ أَنَّ فِيكُمْ ضَعْفًا ۚ فَإِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ مِائَةٌ صَابِرَةٌ يَغْلِبُوا مِائَتَيْنِ ۚ وَإِنْ يَكُنْ مِنْكُمْ أَلْفٌ يَغْلِبُوا أَلْفَيْنِ بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ مَعَ الصَّابِرِينَ
ХӀинца Дала дайдира шуна /тман хьал/‚ Цунна хиира шуьца ледарло юй (кӀеззиг хилар‚ тӀамна кийча цахилар)‚ шух собаре бӀе хилча – ши бӀе эшор ву цара/собаре болчара/, шух эзар хилча – ши эзар эшор ву цара Делан пурбанца‚ Дела собаре болчаьрца ву
8:66 -
مَا كَانَ لِنَبِيٍّ أَنْ يَكُونَ لَهُ أَسْرَىٰ حَتَّىٰ يُثْخِنَ فِي الْأَرْضِ ۚ تُرِيدُونَ عَرَضَ الدُّنْيَا وَاللَّهُ يُرِيدُ الْآخِرَةَ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Ца тарлора пайхамарна шен йийсарой хила лаьттахь кхоччуш ша чӀагӀваллалц‚ шу дезаш ду дуьненан хӀума‚ Далла дезаш ду эхарт. Дела веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву
8:67 -
لَوْلَا كِتَابٌ مِنَ اللَّهِ سَبَقَ لَمَسَّكُمْ فِيمَا أَخَذْتُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Делера йоза хьалха ца даьллехьара аш эцначунна, доккхачу Ӏазапо схьалоцур дара шу
8:68 -
فَكُلُوا مِمَّا غَنِمْتُمْ حَلَالًا طَيِّبًا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Яа шаьш яьккхинчу хӀонсах хьанал ерг‚ цӀена ерг‚ Делах кхера (хьарам дерг ца дан). Баккъалла а, Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву
8:69
Гочдар: Магомед Магомедов