Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 70 – 75
-
يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ قُلْ لِمَنْ فِي أَيْدِيكُمْ مِنَ الْأَسْرَىٰ إِنْ يَعْلَمِ اللَّهُ فِي قُلُوبِكُمْ خَيْرًا يُؤْتِكُمْ خَيْرًا مِمَّا أُخِذَ مِنْكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХӀай пайхамар! Āла шайн куьйга кӀел болчу йийсархошка: 'Далла хаахь шун дегнашкахь диканиг‚ шуьгара даьккхинчул сов диканиг лур ду Цо шуна‚ гечдийр ду Цо шуна‚ и Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву'
8:70 -
وَإِنْ يُرِيدُوا خِيَانَتَكَ فَقَدْ خَانُوا اللَّهَ مِنْ قَبْلُ فَأَمْكَنَ مِنْهُمْ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
Царна лаахь хьуна тешнабехк бан‚ хьалха Далла а тешнабехк бина цара‚ Цо (хьуна царна тхь таӀзар дан) ницкъ белла. И Дела хууш верг а‚ хьукма /нийса / деш верг а ву
8:71 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَالَّذِينَ آوَوْا وَنَصَرُوا أُولَٰئِكَ بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ وَالَّذِينَ آمَنُوا وَلَمْ يُهَاجِرُوا مَا لَكُمْ مِنْ وَلَايَتِهِمْ مِنْ شَيْءٍ حَتَّىٰ يُهَاجِرُوا ۚ وَإِنِ اسْتَنْصَرُوكُمْ فِي الدِّينِ فَعَلَيْكُمُ النَّصْرُ إِلَّا عَلَىٰ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ مِيثَاقٌ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Баккъалла а, ийман а диллина, дӀакхелхинарш а (динан дуьхьа пайхамарца Маккара Мединате дӀабаханарш)‚ шайн бахамца а‚ синошца а Делан новкъахь къахьегнарш а‚ шаьш уьш тӀелаьцнарш а‚ гӀо динарш а – уьш вовшийн верасаш (доттагӀий‚ гӀоьнчий) бу. Ийман а диллина, дӀа ца кхелхинарш – цхьанна хӀуманца цаьрца гергарло дац шун, уьш дӀакхалххалц. Динан хьокъехь цара шуьга гӀо дехахь‚ – шуна тӀехь (царна) гӀо дар ду, шуна а, шайна а юккъехь барт болчу къомана дуьхьал дацахь. И Дела аш дийриг гуш ма ву
8:72 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا بَعْضُهُمْ أَوْلِيَاءُ بَعْضٍ ۚ إِلَّا تَفْعَلُوهُ تَكُنْ فِتْنَةٌ فِي الْأَرْضِ وَفَسَادٌ كَبِيرٌ
Цатешарш вовшийн гергарнаш бу. Аш и (гӀо) ца дахь‚ лаьттахь питана хир ду‚ доккха боьханиг даьржар ду
8:73 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَالَّذِينَ آوَوْا وَنَصَرُوا أُولَٰئِكَ هُمُ الْمُؤْمِنُونَ حَقًّا ۚ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
Ийман а диллина‚ /Мадинате/ дӀакхелхинарш а‚ Делан новкъахь къахьегнарш а‚ уьш тӀелаьцнарш а‚ гӀо динарш а – уьш бу хьакъ-бакъ муъмин нах‚ царна гечдар а‚ шортта рицкъ а хир ду
8:74 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا مِنْ بَعْدُ وَهَاجَرُوا وَجَاهَدُوا مَعَكُمْ فَأُولَٰئِكَ مِنْكُمْ ۚ وَأُولُو الْأَرْحَامِ بَعْضُهُمْ أَوْلَىٰ بِبَعْضٍ فِي كِتَابِ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
ТӀаьхьа ийман а диллина‚ /Мадинате/ дӀакхелхинарш‚ шуьца цхьана къахьегнарш – уьш шух бу. Гергарлонаш дерш – царах цхьаберш вукхарал герга бу Делан жайна чохь. Баккъалла а, Дела массо а хӀума хууш верг ву
8:75
Гочдар: Магомед Магомедов