Сурат 8 Аль-анфал (ХIонс), аят 9 – 12

  1. إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَاسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّي مُمِدُّكُمْ بِأَلْفٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُرْدِفِينَ

    Аш шайн Кхиош-кхобучуьнга гIо доьхура. Цо шуна жоп делира: 'Ас шу чIагIдийр ду эзар вовшашна тхьа-тхьахь лаьттачу маликашца'‚ аьлла

    8:9
  2. وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِ قُلُوبُكُمْ ۚ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ

    И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргIатдахархьама а бен. ГIо дац Делера а бен. Баккъалла а, Дела веза верг‚ хьукма нийса деш верг ву

    8:10
  3. إِذْ يُغَشِّيكُمُ النُّعَاسَ أَمَنَةً مِنْهُ وَيُنَزِّلُ عَلَيْكُمْ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً لِيُطَهِّرَكُمْ بِهِ وَيُذْهِبَ عَنْكُمْ رِجْزَ الشَّيْطَانِ وَلِيَرْبِطَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ وَيُثَبِّتَ بِهِ الْأَقْدَامَ

    Дагадаийта: Цо шуна тIетесира наб озор, шуна Шегара сапаргIато хилла‚ доссадора шуна тIе стиглара хи (догIа), шеца шу цIандархьама‚ шайтIанан вас-васал шух дIаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чIагIбархьама

    8:11
  4. إِذْ يُوحِي رَبُّكَ إِلَى الْمَلَائِكَةِ أَنِّي مَعَكُمْ فَثَبِّتُوا الَّذِينَ آمَنُوا ۚ سَأُلْقِي فِي قُلُوبِ الَّذِينَ كَفَرُوا الرُّعْبَ فَاضْرِبُوا فَوْقَ الْأَعْنَاقِ وَاضْرِبُوا مِنْهُمْ كُلَّ بَنَانٍ

    Дагадаийта: хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка, Ша шуьца ву, аьлла‚ чIагIбе ийман диллинарш. Ас тIаьхьа цатешначеран дегнашка кхерам тосур бу – тоха легашна тхула /кортош даха/‚ хадайе церан массо а пIелган юьхьиг

    8:12

Гочдар: Магомед Магомедов