Сурат 8 Аль-анфал (ХӀонс), аят 9 – 13
-
إِذْ تَسْتَغِيثُونَ رَبَّكُمْ فَاسْتَجَابَ لَكُمْ أَنِّي مُمِدُّكُمْ بِأَلْفٍ مِنَ الْمَلَائِكَةِ مُرْدِفِينَ
Аш шайн Кхиош-кхобучуьнга гӀо доьхура. Цо шуна жоп делира: 'Ас шу чӀагӀдийр ду эзар вовшашна тхьа-тхьахь лаьттачу маликашца'‚ аьлла
8:9 -
وَمَا جَعَلَهُ اللَّهُ إِلَّا بُشْرَىٰ وَلِتَطْمَئِنَّ بِهِ قُلُوبُكُمْ ۚ وَمَا النَّصْرُ إِلَّا مِنْ عِنْدِ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
И ца дира Дала кхаъ хилла а бен‚ шеца шун дегнаш паргӀатдахархьама а бен. ГӀо дац Делера а бен. Баккъалла а, Дела веза верг‚ хьукма нийса деш верг ву
8:10 -
إِذْ يُغَشِّيكُمُ النُّعَاسَ أَمَنَةً مِنْهُ وَيُنَزِّلُ عَلَيْكُمْ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً لِيُطَهِّرَكُمْ بِهِ وَيُذْهِبَ عَنْكُمْ رِجْزَ الشَّيْطَانِ وَلِيَرْبِطَ عَلَىٰ قُلُوبِكُمْ وَيُثَبِّتَ بِهِ الْأَقْدَامَ
Дагадаийта: Цо шуна тӀетесира наб озор, шуна Шегара сапаргӀато хилла‚ доссадора шуна тӀе стиглара хи (догӀа), шеца шу цӀандархьама‚ шайтӀанан вас-васал шух дӀаяккхархьама‚ шун дегнаш сацорхьама (собарца а‚ бакъдолчуьнца а)‚ шун когаш цуьнца чӀагӀбархьама
8:11 -
إِذْ يُوحِي رَبُّكَ إِلَى الْمَلَائِكَةِ أَنِّي مَعَكُمْ فَثَبِّتُوا الَّذِينَ آمَنُوا ۚ سَأُلْقِي فِي قُلُوبِ الَّذِينَ كَفَرُوا الرُّعْبَ فَاضْرِبُوا فَوْقَ الْأَعْنَاقِ وَاضْرِبُوا مِنْهُمْ كُلَّ بَنَانٍ
Дагадаийта: хьан Кхиош-кхобучо хаийтира маликашка, Ша шуьца ву, аьлла‚ чӀагӀбе ийман диллинарш. Ас тӀаьхьа цатешначеран дегнашка кхерам тосур бу – тоха легашна тхула /кортош даха/‚ хадайе церан массо а пӀелган юьхьиг
8:12 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمْ شَاقُّوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ وَمَنْ يُشَاقِقِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَإِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Иза ду уьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хилла хиларна. Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьал хиллачунна Дела бекхам эца чӀогӀа ву
8:13
Гочдар: Магомед Магомедов