Сурат 90 Аль-балад (ГӀала), аят 1 – 20
-
لَا أُقْسِمُ بِهَٰذَا الْبَلَدِ
ХӀан-хӀа! Дуй боу Ас хӀоккху гӀалих (Макках)
90:1 -
وَأَنْتَ حِلٌّ بِهَٰذَا الْبَلَدِ
Хьо /хӀай Мухьаммад/ хьанал ву-кх цу гӀалахь!
90:2 -
وَوَالِدٍ وَمَا وَلَدَ
Дех (Адамах) дуй боу Ас‚ цо дуьнена ваьккхинчух а (цуьнан доьзалах нахах):
90:3 -
لَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ فِي كَبَدٍ
Оха кхоьллина адам халонгахь
90:4 -
أَيَحْسَبُ أَنْ لَنْ يَقْدِرَ عَلَيْهِ أَحَدٌ
Цунна моьтту-те шена тӀехь цхьанна а ницкъ кхочур бац?
90:5 -
يَقُولُ أَهْلَكْتُ مَالًا لُبَدًا
Цо олу: 'Ас дуккха даьхни хӀаллакдина'
90:6 -
أَيَحْسَبُ أَنْ لَمْ يَرَهُ أَحَدٌ
Цунна моьтту-те ша цхьанна гина вац?
90:7 -
أَلَمْ نَجْعَلْ لَهُ عَيْنَيْنِ
Оха цунна ши бӀаьрг ца бина?
90:8 -
وَلِسَانًا وَشَفَتَيْنِ
Мотт а‚ ши балда а /ца дина/?
90:9 -
وَهَدَيْنَاهُ النَّجْدَيْنِ
Оха нисвина иза /дикачунна а‚ вочунна а тӀе боьдучу/ шина новкъа
90:10 -
فَلَا اقْتَحَمَ الْعَقَبَةَ
Ирхо яхьан хьала ца гӀирти иза
90:11 -
وَمَا أَدْرَاكَ مَا الْعَقَبَةُ
Хьоьга стено хаийтина‚ иза хӀун ирхо яхьар ду?
90:12 -
فَكُّ رَقَبَةٍ
Лай азатваккхар ду
90:13 -
أَوْ إِطْعَامٌ فِي يَوْمٍ ذِي مَسْغَبَةٍ
Я хӀума яор ду мацалла йолчудийнахь
90:14 -
يَتِيمًا ذَا مَقْرَبَةٍ
Шен гергара долчу боберана‚
90:15 -
أَوْ مِسْكِينًا ذَا مَتْرَبَةٍ
ЧӀогӀа къоьлла йолчу мискачунна
90:16 -
ثُمَّ كَانَ مِنَ الَّذِينَ آمَنُوا وَتَوَاصَوْا بِالصَّبْرِ وَتَوَاصَوْا بِالْمَرْحَمَةِ
ТӀаккха /иза дахь/ хир ву иза иймандиллинчарах а‚ вовшашка собаре хила олуш весет диначарах а‚ вовшашка къинхетаме хила олуш весет диначарах а
90:17 -
أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْمَيْمَنَةِ
Уьш бу аьтту агӀонан (ялсаманин) дай
90:18 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا بِآيَاتِنَا هُمْ أَصْحَابُ الْمَشْأَمَةِ
Тхан аятех цатешнарш уьш бу аьрру агӀонан (жоьжахатин) дай
90:19 -
عَلَيْهِمْ نَارٌ مُؤْصَدَةٌ
Царна хир ю /шен неӀарш царна тӀехь/ дкъевлина цӀе
90:20
Гочдар: Магомед Магомедов