Сурат 91 Аш-шамс (Малх), аят 1 – 8

  1. وَالشَّمْسِ وَضُحَاهَا

    Малхах дуй боу Ас‚ цуьнан лепарх а

    91:1
  2. وَالْقَمَرِ إِذَا تَلَاهَا

    Баттах а дуй боу Ас‚ иза цу /малхана/ тӀаьхьахӀуттуш /кхеташ, иза дӀабуьзча/

    91:2
  3. وَالنَّهَارِ إِذَا جَلَّاهَا

    Дийнах а дуй боу Ас, иза цо (малхо) къагош

    91:3
  4. وَاللَّيْلِ إِذَا يَغْشَاهَا

    Буьйсанах а дуй боу Ас‚ цо и (малх) дӀахьулбеш

    91:4
  5. وَالسَّمَاءِ وَمَا بَنَاهَا

    Стигланах а дуй боу Ас‚ и хӀоттинчух а (Делах)

    91:5
  6. وَالْأَرْضِ وَمَا طَحَاهَا

    Лаьттах а дуй боу Ас‚ иза даржинчух а (Делах)

    91:6
  7. وَنَفْسٍ وَمَا سَوَّاهَا

    Сих а дуй боу Ас‚ иза дӀанисдинчух а (Делах)

    91:7
  8. فَأَلْهَمَهَا فُجُورَهَا وَتَقْوَاهَا

    Цо (Дала) кхетийна и (са) къа дарах а‚ /Делах/ кхерарах а

    91:8

Гочдар: Магомед Магомедов