Сурат 91 Аш-шамс (Малх)
-
وَالشَّمْسِ وَضُحَاهَا
Малхах дуй боу Ас‚ цуьнан лепарх а
91:1 -
وَالْقَمَرِ إِذَا تَلَاهَا
Баттах а дуй боу Ас‚ иза цу /малхана/ тIаьхьахIуттуш /кхеташ, иза дIабуьзча/
91:2 -
وَالنَّهَارِ إِذَا جَلَّاهَا
Дийнах а дуй боу Ас, иза цо (малхо) къагош
91:3 -
وَاللَّيْلِ إِذَا يَغْشَاهَا
Буьйсанах а дуй боу Ас‚ цо и (малх) дIахьулбеш
91:4 -
وَالسَّمَاءِ وَمَا بَنَاهَا
Стигланах а дуй боу Ас‚ и хIоттинчух а (Делах)
91:5 -
وَالْأَرْضِ وَمَا طَحَاهَا
Лаьттах а дуй боу Ас‚ иза даржинчух а (Делах)
91:6 -
وَنَفْسٍ وَمَا سَوَّاهَا
Сих а дуй боу Ас‚ иза дIанисдинчух а (Делах)
91:7 -
فَأَلْهَمَهَا فُجُورَهَا وَتَقْوَاهَا
Цо (Дала) кхетийна и (са) къа дарах а‚ /Делах/ кхерарах а
91:8 -
قَدْ أَفْلَحَ مَنْ زَكَّاهَا
Декъала хили и /са дика Iамалш ярца/ цндийнарг
91:9 -
وَقَدْ خَابَ مَنْ دَسَّاهَا
Декъаза хили и /са вон Iамалш ярца/ бехдийнарг
91:10 -
كَذَّبَتْ ثَمُودُ بِطَغْوَاهَا
Харцдира /Делан дин/ самудаша шаьш тIех тиларца
91:11 -
إِذِ انْبَعَثَ أَشْقَاهَا
Сихвелира царах уггар декъазниг /Дала яийтинчу эмкална урс хьакха/
91:12 -
فَقَالَ لَهُمْ رَسُولُ اللَّهِ نَاقَةَ اللَّهِ وَسُقْيَاهَا
Элира цаьрга Делан элчано (Салихьо): '(Шу ларлолаш зен дарх а) Делан эмкална, (новкъарло ярх а) цунна хи мала'
91:13 -
فَكَذَّبُوهُ فَعَقَرُوهَا فَدَمْدَمَ عَلَيْهِمْ رَبُّهُمْ بِذَنْبِهِمْ فَسَوَّاهَا
Цара иза харцвира‚ цу /эмкална/ урс хьаькхира. Шаьш Кхиош-Кхобучо церан къа бахьанехь уьш хIаллакбира /цу хIаллакбарехь/ цхьанисбира‚
91:14 -
وَلَا يَخَافُ عُقْبَاهَا
Цуьнан тIаьхьенах Иза ца кхоьру
91:15
Гочдар: Магомед Магомедов